Мика-ЯхӀу 1:1-16 1. ЯхӀуд-мехкан паччахьаша — Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус — паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг. 2. ЛадогӀа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла! 3. ХӀунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо — 4. Цунна кӀелахь лаьмнаш дешар ду, цӀергахь лела балоз санна, уьш тогӀеш чу текхар ду, гуна тӀера охьадогӀу хи санна. 5. Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза? 6. Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш. 7. Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду». 8. Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву, 9. хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза». 10. Иза Гати-гӀалахь дӀа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати — «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Ӏапру олучу юьртахь шайна тӀе чан тасалаш (Ӏапру — «чан» бохург ду). 11. Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун — «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац. 12. Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут — цуьнан «къаьхьа» бохург ду). 13. Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш — цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш. 14. Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат — цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду). 15. Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш — цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу. 16. Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.
Мика-ЯхӀу 2:1-13 1. Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Ӏохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Ӏуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела. 2. Аренаш шайна езалахь — уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цӀенош — уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цӀа а, стаг а, цуьнан бахам а чӀанабоккху. 3. Цундела Везачу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хӀокху тайпана, цуьнга шен кочара цкъа а дӀабаккхалур боцу, бохам бан дагалаьцна. Кхин цкъа а шайн корта хьалаайина лелалур бац уьш, хӀунда аьлча хӀара зама луьра ю. 4. Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду: „Тхо кхоччуш дохийна! Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дӀаделла. Иза соьгара схьадаьккхина ма ду! Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дӀасаекъна Цо“». 5. Иштта Везачу Элана хьалха болчу гуламехь, латта доькъучу хенахь, цунах дакъа схьаэца хьан цхьа а хир вац. 6. Наха боху: «Пайхамаралла ма де, хӀай пайхамарш! Ма де тхуна пайхамаралла. Тхо сийсаздаьхна хир дац». 7. Ва Якъубан цӀа олург! Везачу Элан собар кхача-м ца дина те? Иштта гӀуллакхаш билггал дийр ду те Цо? Нийсо лелочарна дика там ца хуьлу те Цуьнан дешнех? 8. «Хьалха Сан хилла долу халкъ, мостагӀа санна, дуьхьалдаьлла. Ткъа аша тӀамера юхабоьрзучу, машаре шайна тӀехбовлучу нехан тӀехулара а, чухулара а бедарш схьайоху. 9. Сан халкъан зударий церан исбаьхьачу цӀенош чуьра арабоху аша. Церан берашкара гуттаренна схьадоху аша Сан декъалдарш. 10. ХьалагӀовтта, дӀагӀо, хӀунда аьлча хӀара мохк — синтем болу меттиг яц. Цо лелош йолу хьарамлонаш бахьана долуш, къиза бохор болуш бу иза. 11. Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагӀарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, — аьлча, цунах хӀокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву. 12. Ас Якъубан цӀа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагӀий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гӀовгӀа йоккхур ю». 13. Царна хьалххула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГӀалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дӀагӀур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.
Мика-ЯхӀу 3:1-12 1. ТӀаккха ас элира: «ЛадогӀа, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь? 2. Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш тӀера дилха доккху. 3. Сан халкъан дилха аша доу, царна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо». 4. ТӀаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дӀаерзор ю царах, цара зулам дина дела. 5. Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хӀума ца юьллучарна цара тӀом дӀахьебо. 6. Цундела хӀуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Ӏаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. 7. Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цара массара а шайн батош дӀакъовлур ю, хӀунда аьлча царна Делера жоп хир дац». 8. Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чӀагӀонах а вуьззина ву Якъубан тӀаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дӀадийцархьама. 9. ЛадогӀа соьга, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш, 10. Цийон-лам тӀера Ярушалайм цӀийца а, харцдолчуьнца а хьалахӀоттош дерш! 11. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тӀетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тӀе бала богӀур ма бац!» — бохуш. 12. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю.
Забур 144:9-15 9. К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца. Массаьрца а дика ву Иза. 10. Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла, Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо. 11. М ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна, Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара, 12. Н ахана массарна а Хьан ницкъ а, Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта. 13. О лалла Хьан хедар доцу олалла ду, Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду. П айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар. Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза. 14. С еттинарш гӀиттабо Везачу Эло, ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо. 15. Т ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу, Ахь царна шен хеннахь кхача ло.
Кицанаш 30:10-10 10. Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.
Довзийтинарг 9:1-21 1. ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа. 2. Бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа цо дӀадаьстича, цу некъа тӀера, йоккхачу пешана чуьра санна, кӀур схьатесира. Оцу баьллачу кӀуьро малх а, хӀаваъ а кхолийра. 3. ТӀаккха лаьтта тӀе цу кӀуьра юкъара цӀоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цӀазана. 4. Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. 5. ЦӀазана тӀедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара. 6. Цу деношкахь адамаша шайна Ӏожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дӀадовла луур ду, амма Ӏожалла царах йодур ю. 7. ТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. 8. Цу цӀазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. 9. Цу цӀазана тӀехь, аьчка долуш санна, гӀаьгӀнаш дара. Церан тӀемийн гӀовгӀа вуно дукха йолчу, тӀаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гӀудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра. 10. ЦӀазан, сту лоцучу гезгийн санна, цӀогарчий дара, цӀогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цӀазан цӀоганашкахь бара. 11. Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду). 12. Цхьа бала дӀабаьлла. Ткъа цунна тӀаьххье тӀебогӀуш кхин а ши бала бу. 13. ЙолхалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маӀа чуьра цхьа аз хезира суна. 14. Цо шен карахь турба йолчу йолхалгӀачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дӀадихкина долу диъ малик дӀахеца!» 15. ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш. 16. Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бӀе миллионан барамехь дара. 17. Иштта сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна дой гира, тӀехь дошлой а болуш. Царна тӀехь дара цӀарула-цӀечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гӀаьгӀнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цӀе а, кӀур а, саьмгал а. 18. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а. 19. Цу говрийн ницкъ церан батошкаххьий, цӀогарчашкаххьий боллура. Церан цӀогарчий лаьхьанех тера дара. Цу лаьхьанийн кортош дара, цаьрца зенаш дора цара. 20. Ткъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. 21. И адамаш дӀа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хӀума лелоран а, къоланаш даран а некъа тӀера.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012