Ӏезар 1:1-11 1. Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а: 2. «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. 3. Веза Эла — Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла. 4. Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу». 5. ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера. 6. Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна. 7. Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу. 8. Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира. 9. Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю: дешин бошхепаш — ткъе итт; детин бошхепаш — цхьа эзар; арсаш — ткъе исс; 10. дешин кедаш — ткъе итт; кхидолу детин кедаш — биъ бӀе итт; кхидолу кедаш — цхьа эзар. 11. Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.
Ӏезар 2:1-70 1. ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора стаг шен-шен гӀала юхавирзина. 2. Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Сари-ЯхӀу, РаӀал-ЯхӀу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигӀвай, Рахьим, БаӀна. ХӀорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цӀераш: 3. ПарӀушан тӀаьхьенах берш — ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172); 4. Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш — кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372); 5. Арахьин тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта стаг (775); 6. Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара — ши эзар бархӀ бӀе шийтта стаг (2812); 7. Ӏейламан тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254); 8. Затун тӀаьхьенах берш — исс бӀе шовзткъе пхи стаг (945); 9. Закайн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760); 10. Банин тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе ши стаг (642); 11. Бебайн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе кхо стаг (623); 12. ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе ткъе ши стаг (1222); 13. Адуникхаман тӀаьхьенах берш — ялх бӀе кхузткъе ялх стаг (666); 14. БигӀвайн тӀаьхьенах берш — ши эзар шовзткъе ялхитта стаг (2056); 15. Ӏадин тӀаьхьенах берш — виъ бӀе шовзткъе вейтта стаг (454); 16. Атари аьлла, кхин цӀе йолуш волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера — везткъе берхӀитта стаг (98); 17. Бецайн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъе кхо стаг (323); 18. Йоврин тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шийтта стаг (112); 19. Хьашуман тӀаьхьенах берш — ши бӀе ткъе кхо стаг (223); 20. Гибарин тӀаьхьенах берш — везткъе пхийтта стаг (95); 21. Байтлахам-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе кхо стаг (123); 22. НатӀупат-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе ялхитта стаг (56); 23. Ӏанатот-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128); 24. Ӏазмават-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе ши стаг (42); 25. Кхиръят-ЯӀариман, Капира-гӀалин, Баировтан бахархойн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе шовзткъе кхо стаг (743); 26. Рамера а, ГибаӀ-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш — ялх бӀе ткъе цхьа стаг (621); 27. Михмасан бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе ши стаг (122); 28. Бетал-гӀалин а, ГӀай-гӀалин а бахархойн тӀаьхьенах берш — ши бӀе ткъе кхо стаг (223); 29. Набу-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — шовзткъе шийтта стаг (52); 30. МагӀбиш-гӀалин бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе шовзткъе ялхитта стаг (156); 31. Ӏейлам-гӀала цӀе йолчу вукху гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254); 32. Хьарми-гӀалара бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе ткъа стаг (320); 33. Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а бахархойн тӀаьхьенах берш — ворхӀ бӀе ткъе пхи стаг (725); 34. Ерихонера бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо бӀе шовзткъе пхи стаг (345); 35. Саниара бахархойн тӀаьхьенах берш — кхо эзар ялх бӀе ткъе итт стаг (3630). 36. Динан дай: Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах волчу ЮшаӀан доьзалера — исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг (973); 37. Амиран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг (1052); 38. Пашихьуран тӀаьхьенах берш — цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг (1247); 39. Хьармин тӀаьхьенах берш — цхьа эзар вуьрхӀитта стаг (1017). 40. Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а тӀаьхьенах болчу ХӀудав-ЯхӀун доьзалера — кхузткъе вейтта стаг (74). 41. Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128). 42. Делан цӀийнан кевнерачу гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш — цхьа бӀе ткъе ткъайоьсна стаг (139). 43. Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а, 44. Кхейрусан а, СияӀан а, Падунан а, 45. Либанин а, ХьагӀабин а, Ӏакхубин а, 46. ХьагӀибан а, Шалмайн а, Хьананан а, 47. Гидалан а, Гахьарин а, Раи-ЯхӀун а, 48. Рицанан а, Накхудин а, Газамин а, 49. Ӏузин а, Писухьан а, Бесайн а, 50. Аснин а, МуӀаниман а, Напусиман а, 51. Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а, 52. Бацлутин а, Махьдин а, Хьарашин а, 53. Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а, 54. Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш. 55. Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, 56. ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а, 57. Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Амун а тӀаьхьенех берш. 58. Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а верриг а кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара. 59. Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Аддан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: 60. Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенах берш — ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг вара (652). 61. Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун а, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг, Барзалай аьлла цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура.) 62. И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира. 63. ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц. 64. Массо а йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь шовзткъе ши эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара, 65. царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе илланча а вара. 66. Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а, 67. йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра. 68. И тоба Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀа долчу дӀакхаьчча, доьзалийн дайх цхьаболчара шайн лаамца совгӀаташ делира, хиллачу меттигехь Везачу Элан цӀа карладаккхархьама. 69. Цу наха хазни чу шайга далуш долу совгӀаташ дира. Цара кхузткъе цхьа эзар хиллал долу дарик олу деши ахча а, пхи эзар мин дети ахча а, цхьа бӀе динан дайша лелош йолу бедарш а елира. 70. Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гӀаланашкахь баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гӀаланашкахь даха охьахиира.
Забур 86:6-10 6. Къаьмнаш тӀеяздинчу тептар тӀехь Везачу Эло дӀаяздийр ду: «ХӀара цигахь вина», — аьлла. 7. Эшарш а лоькхуш, хелхарш дечара эр ду: «Цийонера ду сан мел долу беркат». 8. Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту. 9. Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву. 10. ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера.
Кицанаш 21:15-16 15. Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахӀала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. 16. Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахӀале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Ӏийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
Векалийн 21:18-40 18. Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Ӏаш болу жуьгтий ахь Ӏамабо, Муса-пайхамарах дӀакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гӀиллакхаш ма леладе бохуш. 19. ТӀаккха хӀун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла. 20. Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву. 21. Уьш схьа а эций, цӀинваларан Ӏадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дӀа а ло. ТӀаккха хӀоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла. 22. Ткъа Ӏийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цӀушна сагӀина деана жижиг а ма даа, цӀийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла». 23. ПахӀала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгӀачу дийнахь цаьрца цӀинваларан Ӏадат кхочушдира. Юха, Делан цӀийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цӀиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хӀораннах а сагӀа маца доккхур ду а аьлла. 24. ВорхӀалгӀа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цӀийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахӀал схьалецира, 25. маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГӀо дейша! ХӀара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цӀенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хӀинца, Делан цӀийне кхечу къомах болу нах — грекаш — а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо». 26. (Хьалха, Ярушалаймехь, Эпас-гӀалара ТрахӀим гинера нахана, цундела моьттура царна цо иза Делан цӀийне валийна.) 27. ГӀала карзахъяьллера, массо а агӀора адамаш дара схьауьдуш. Цара, схьа а лаьцна, ПахӀал Делан цӀийнан кертара аратакхийра. НеӀарш цу сохьта тӀекъевлира. 28. Иза вен гӀертара уьш. ТӀеман коьрта хьаькамна тӀе хаам кхечира, ерриг а Ярушалайм карзахъяьлла ю аьлла. 29. Цу сохьта тӀемалой а, эпсарш а схьа а эцна, нахана тӀевахара иза. ТӀеман коьрта хьаькам а, тӀемалой а гина, ПахӀална еттачуьра севцира уьш. 30. ТӀаккха тӀеман коьрта хьаькам цунна тӀевахара. ПахӀал схьа а лацийтина, иза шина зӀенаца дӀавехка аьлла, омра дира цо. ПахӀале иза мила ву, цуьнгара хӀун даьлла аьлла, хаьттира цо. 31. Нахана юкъахь, цхьаболчара цхьаъ, вукхара важа дуьйцуш, маьхьарий девлира. ГӀовгӀа хиларна бакъдерг къаста а ца делла, ПахӀал гӀопе дӀавигийтира тӀеман коьртачу хьаькамо. 32. Лами улло иза вигича, тӀемалойн иза айина вига дийзира, нах дукха оьгӀазбахана, цунах лата гӀерташ хиларна. 33. Цунна тӀаьхьабогӀучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» — бохуш. 34. ГӀопана улло кхочуш, ПахӀал тӀеман коьртачу хьаькаме вистхилира: «Хьоьга хатта мегар дуй ас?» Вукхо элира: «Хьуна грекийн мотт хаьа? 35. ХӀета, хьо виъ эзар талорхо яьссачу ара а ваьккхина, гӀаттам айина мисархо вац-кх?» 36. ПахӀала жоп делира: «Со Килик-махкара Тарс-гӀалара жуьгти ву, евзаш йолчу гӀалин вахархо. Ас доьху хьоьга, бакъо лохьа суна нахаца къамел дан». 37. Вукхо бакъо елча, ПахӀала, ламин тӀегӀанаш тӀе а хӀоьттина, нах совцо куьг айира. Массо а дӀатийначу хенахь иза Ӏебархойн маттахь къамел дан хӀоьттира.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012