Куьйгалхой 7:1-25 1. Ӏуьйранна сатоссуш Яруб-БаӀала (ГадӀана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цӀе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогӀи чохь лаьтташ бара, МорахӀ олучу лома уллохь. 2. Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“ — бохийла а. 3. Хьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира. 4. Цул тӀаьхьа Везачу Эло ГадӀане элира: «ХӀинца а тӀех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дӀабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“ — алахь, иза гӀур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гӀур вац“ — алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц». 5. ГадӀана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадӀане элира: «ЖӀаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агӀор дӀахӀиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тӀе охьа а таьӀна, хи молуш верг вукху агӀор хӀоттаве». 6. Куьйгашца хи шайн юьхь тӀе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бӀе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тӀе охьа а таьӀна, молура. 7. Везачу Эло ГадӀане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бӀе стагехула шу кӀелхьара а даьхна, маданхой шун кара дӀалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цӀа бахийта». 8. ГадӀана уьш цӀа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хӀума а, коьман маӀаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бӀе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогӀи чохь лаьтташ бара. 9. Цу буьйсанна Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьала а гӀаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гӀо. Аса уьш хьан кара дӀало. 10. Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тӀе гӀо. 11. Маданхойн меттаматтана юххе а гӀой, цара хӀун боху ладогӀа. ТӀаккха хьо кхоьрур вац царна тӀелата». ГадӀан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте. 12. Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра. 13. МостагӀийн меттаматтана улло веанчу ГадӀанна хезира, цхьана тӀемалочо вукху тӀемалочуьнга шена гина долу гӀан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гӀенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дӀадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чӀогӀа тӀекхийтира. ТӀаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира». 14. Вукхо элира: «Хьан гӀан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кӀентан ГадӀанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дӀабелла». 15. И гӀан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадӀан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагӀовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». 16. Цо кхо бӀе стаг кхаа декъе вийкъира. ХӀора тӀемалочунна кара коьман маӀий, яьсса кхабий елира цо. ХӀора кхаби чохь богуш къуьда бара. 17. ГадӀана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагӀийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де. 18. Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маӀа лакха буьйлабелча, аша а маӀаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа!“ — бохуш». 19. ГадӀан а, цуьнца волу бӀе стаг а, мостагӀийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тӀемалой хийцабеллачул тӀаьхьа. Цара, коьман маӀаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира. 20. Кхаа тобанехь болчара, коьман маӀаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маӀаш яра. МаӀаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа тур тоха!» — бохуш. 21. ГадӀанан тӀемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дӀауьдуш дара. 22. ГадӀанаца хиллачу кхаа бӀе стага коьман маӀаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гӀалина уллохь йолчу Байт-ШатӀа дӀабахара. Уьш иштта ТӀабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира. 23. Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тӀемалой маданхошна тӀаьхьабовла бахийтинера. 24. ГадӀана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дӀаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», — аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. 25. Маданхойн Ӏораббий, Зиаббий цӀе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Ӏораб Ӏорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадӀан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.
Куьйгалхой 8:1-35 1. Эпраймхоша ГадӀан чӀогӀа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХӀунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тӀом бан воьдуш?» 2. ГадӀана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Ӏезаран тӀаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тӀаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! 3. Шун кара дӀабелла Дала маданхойн баьччанаш Ӏораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хӀун далур дара соьга?» ГадӀана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгӀазлонаш еш бацара. 4. Йордан-хи долчу а веана, ГадӀан а, цуьнца волу кхо бӀе стаг а хил дехьа велира. Шаьш чӀогӀа кӀадбеллехь а, уьш мостагӀашна тӀаьхьабевллачуьра ца севцира. 5. Сакхатарчу бахархошка ГадӀана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хӀума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаӀаний тӀаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чӀогӀа кӀадбелла». 6. Амма Сакхат-гӀалин куьйгалхоша ГадӀане элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?» 7. ТӀаккха ГадӀана элира: «Делахь, Зебаххьий, ЦалманаӀӀий сайна Везачу Эло каравеллачул тӀаьхьа, со кхуза юхавогӀур ву. Аша хӀинца динарг бахьана долуш аса, со цигара юхавирзича, шун догӀмаш яьссачу аренан коканашца а, кӀохцалшца а этӀор ду». 8. Цигара ваьлла Пенуал-гӀала веара ГадӀан. Цигахь а гӀалин бахархошка Сакхатехь аьлларг элира цо. Амма цара а Сакхатехь болчу бахархоша аьлларг элира цуьнга. 9. ГадӀана цаьрга элира: «Со толамца юхавирзича, аса хӀара бӀов йохор ю». 10. Зебаххьий, ЦалманаӀӀий шайн эскарца Кхаркхур-гӀалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тӀемалойх бухабисинчарах бара. БӀе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тӀемалой, цу эскарна юкъара хӀаллакьхиллера. 11. Нобахьа-гӀалиний, ЙогӀбахӀаний малхбалехьа болчу новкъахула дӀавахара ГадӀан. Кхаркхур-метте схьа а веана, иза шен мостагӀашна дагахь а доццучу хенахь царна тӀелетира. 12. Зебахь а, ЦалманаӀ а ведда дӀавахара. Царна тӀаьхьаваьллачу ГадӀана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Ӏадийнера ГадӀана. 13. Юашан кӀант ГадӀан тӀамера юхавирзира. Хьерас цӀе йолчу ломан дукъана тӀехула цӀа вогӀуш вара иза. 14. Сакхат-гӀалара бахархошна юкъара цхьа жима стаг схьа а лаьцна, цуьнга хеттарш дан волавелира иза. Цо кхузткъе вуьрхӀитта шайн элийн а, къанойн а цӀераш дӀаязйира ГадӀанна. 15. Сакхат-гӀала схьа а веана, ГадӀана цигарчу бахархошка элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хӀорш бу. Ткъа аша, сан эскар кӀадделла, хӀоьттина ду, цунна яа хӀума лахьара аьлла, аса дехар дича, сох дийла а дуьйлуш, элира: „Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?“» 16. Сакхатара къаной схьа а гулбина, царна коканийн а, кӀохцалийн а коьллаш йиттира цо. И хӀума а дина, цо Сакхатарчу нахана, уьш Ӏамош, масала делира. 17. ГадӀана Пенуал-гӀалара бӀов а йохийра, цигара нах а байира. 18. Цо Зебахье а, ЦалманаӀе а хаьттира: «Табурехь аша байина болу нах муха бара?» Цу шиммо жоп делира: «Уьш хьох тера бара. ХӀора стаг а паччахьан кӀентах тера вара». 19. ГадӀана цаьрга элира: «Уьш сан вежарий бара, сан ненан кӀентий. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: аша уьш дийна битина хиллехь, аса хӀинца шуьшиъ вуьйр вацара». 20. Шен воккхах волчу кӀанте ИтӀаре дӀа а хьаьжна, цо элира: «Вей, дӀаваккха и шиъ». Амма ИтӀара шен тур баттара схьа ца даьккхира, хӀунда аьлча иза, ша жима хиларх терра, кхоьруш вара. 21. ТӀаккха Зебахьа а, ЦалманаӀа а ГадӀане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гӀуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гӀаьттина, ГадӀана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мӀерий схьадехира. 22. Исраилан халкъо ГадӀане элира: «Тхо маданхойн баланах кӀелхьардаьхна ахьа. Тхуна тӀехь олалла де ахьа а, хьан кӀанта а, хьан кӀентан кӀанта а». 23. Амма ГадӀана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тӀехь олалла, я сан кӀанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тӀехь олалла». 24. ГадӀана цаьрга элира: «Сан цхьа дехар ду шуьга. ХӀораммо а ша схьаэцначух лергара цхьацца чӀуг ло суна». (Цо эшийначаьргахь дукха дашо чӀагарш яра, уьш исмаьӀалхой хиларе терра.) 25. Цара элира: «Хаза а хеташ дӀалур ю». Бедар лаьтта охьа а тесна, цу тӀе шайн караеанчу хӀонсах цхьацца чӀуг кхоьссира цара. 26. Цара и чӀагарш схьагулйича, уьш цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барамехь яра. Цунна совгӀатана кхин а дашо мӀерий а, коча уллургаш а, маданхойн паччахьаша юхуш йолу таьӀна цӀен бедарш а, эмкалийн коча ухкуш йолу дашо зӀенаш а елира. 27. Цу деших ГадӀана, ийпад а йина, иза шен Ӏапру цӀе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадӀанна а, цуьнан дерриг а цӀенна а гур хилла дӀахӀоьттинера. 28. Маданхой исраилхошна муьтӀахь хилла дӀахӀиттинера, цара шайн кортош охьатаӀийначуьра хьала ца ойура. ГадӀан дийна мел ву, шовзткъа шарахь машар лаьттира цу махкахь. 29. Юашан кӀант Яруб-БаӀал (ГадӀан), цӀа а вахана, цигахь Ӏаш вара. 30. ГадӀанан кхузткъе итт кӀант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела. 31. Цуьнан кхин а гӀарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кӀант вира, цуьнан цӀе Абу-Малик а тиллира. 32. Юашан кӀант ГадӀан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дӀавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Ӏезархойн Ӏапру-юьртахь. 33. ГадӀан веллачул тӀаьхьа исраилхой, Везачу Элера дӀа а бирзина, юха а БаӀал-деланашна тӀаьхьахӀиттира. Шайн дела БаӀал-Барт а хаьржина, 34. шаьш гонах болчу массо а мостагӀех кӀелхьарваьккхина волу шайн Веза Дела дага ца вогӀура царна. 35. Исраилан халкъо ларам ца гайтира Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) тӀаьхьенна, цара шайн дуьхьа дуккха а дика гӀуллакхаш динехь а.
Забур 49:10-20 10. ХӀунда аьлча хьаннашкара ерриг акхарой а Сан ю, эзар лаьмнашкара хьайбанаш а Сан ду. 11. Лаьмнаш тӀера дерриг олхазарш а девза Суна, аренгара бежанаш а ду Суна хьалха. 12. Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хӀунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хӀума а. 13. Стерчийн жижиг дууш ву ткъа Со, я бежалойн цӀий молуш ву ткъа Со? 14. Ахьа Далла сагӀина хьайн хастамаш а бе, айхьа Веза Воккхачунна дина нигат кхочуш а де. 15. Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». 16. Амма Ӏесачуьнга Дала иштта боху: «Ас тӀедехкинарш а хӀунда кхайкхадо ахь, Соьца бина барт а хӀунда бу хьан багахь? 17. Ткъа хьо нисвар хьуна бӀаьрга дан ца деза, Сан дешнаш а хьайна тӀехьа дӀатотту ахьа. 18. Хьайна къу гича, цуьнца а лела хьо, сийсаза лелачаьрца а хьо-со хуьлу хьан. 19. Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу. 20. Охьа а хаий, хьайн веших лаьцна вониг олу ахь, хьайн ненан кӀантах лаьцна харцдерг кхуллу ахь.
Кицанаш 14:22-24 22. Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву. 23. Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу. 24. Хьекъале волчун таж — хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу.
Лака 15:11-32 11. Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кӀант хилла. 12. Жимах волчу кӀанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догӀу дакъа схьалохьа“. Дас шина кӀантана бекъна бахам. 13. Дукха хан ялале, жимах волу кӀант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо. 14. Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чӀогӀа мацалла хӀоьттина. Иза таро йоцуш висна. 15. ТӀаккха, вахана, цу махкарчу цхьана стагана чухӀоьттина иза. Вукхо хӀара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка. 16. Мацалло бӀарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай дузо лууш хилла хӀара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла. 17. Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цӀахь, церан массеран а шортта яа хӀума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву! 18. ДӀавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас! 19. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала, хьайн белхало вай, дӀаэцахьа со“. 20. Хьала а гӀаьттина, шен да волчу вахара иза. КӀант геннахь схьавогӀуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тӀе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас. 21. Ткъа кӀанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХӀинца со хьакъ вац хьан кӀант ву со ала“. 22. Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тӀеюха цунна, пӀелгах мухӀар а долла, кога мачаш а юха. 23. Юстийна йолу старгӀа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хӀоттор ду вай. 24. ХӀунда аьлча хӀара сан кӀант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира. 25. Воккхах волу кӀант оцу хенахь кха тӀехь вара. ЦӀа вогӀуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира. 26. Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХӀара хӀун ду?“ 27. Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цӀа веана. Хьан дас старгӀа ейтина, хӀунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина“. 28. Воккхах волу кӀант, оьгӀазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга. 29. Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тӀера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагӀашца сакъерийта. 30. Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кӀант цӀа веача, цунна юстийна старгӀа йийна ахь“. 31. Амма дас элира воккхах волчу кӀанте: „Сан кӀант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду. 32. ХӀинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012