Ӏезар 3:1-13 1. Шеран ворхӀалгӀа бутт тӀекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гӀаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира. 2. Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра. 3. Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дӀахӀоттийра. Цул тӀаьхьа Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀиттира уьш. 4. Цул тӀаьхьа, товрат-хьехамашна тӀехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош дӀахӀиттийра цара. ХӀора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагӀанаш дехира цара. 5. Цул тӀаьхьа хӀора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бутт цӀинлучу хенахь доху сагӀанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагӀанаш а, шайн лаамца доху сагӀанаш а даха хӀиттира уьш. 6. Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан хьалхарчу деношкахь исраилхоша юха а дийнаташ дагоран сагӀанаш даха долийра, Делан цӀийнан бух хӀинца а бина бацахь а. 7. Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчара тӀулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цӀаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хӀорда тӀехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дӀадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тӀехь пурба деллера. 8. Ярушалаймехь лаьттачу Делан цӀа долчу шаьш схьадаьхкина шолгӀачу шеран шолгӀачу баттахь Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а болх дӀаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тӀехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цӀа дечу белхалошна тӀехь куьйгалла латтадайта. 9. ЮшаӀ а, цуьнан вежарий а, кӀентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кӀентий а (уьш ХӀудав-ЯхӀух схьабевллера) бара Делан цӀенна тӀехь беш болчу балхана тӀехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кӀентий а, церан вежарий а, кӀентий а. 10. ГӀишлоярхой Делан цӀийнан бух боьттина бевлира. ТӀаккха динан дайша, шайн духарш тӀе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кӀенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цӀестан жима негӀарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дӀалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хӀума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. 11. Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дӀаолура: «Веза Эла ма дика ву, массо а ханна бу Исраилан халкъе болу Цуьнан хедар боцу безам». Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хӀунда аьлча Делан цӀийнан бух боьттина баьллера. 12. Амма хан яьлла а, хьалха кхузахь хилла долу Делан цӀа гина а дукхахболу динан дай а, левихой а, тайпанийн тхьамданаш а, керлачу Делан цӀийнан бух боьттина шайна гича, мохь а бетташ, боьлхуш бара. Ткъа вукхарах дукхахболчара хазахетарца маьхьарий деттара. 13. Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хӀунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш.
Ӏезар 4:1-24 1. ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла. 2. Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тӀе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хӀунда аьлча тхо а ду шун Далла Ӏамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагӀанаш дохуш ду». 3. Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара». 4. ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама. 5. Цара хьехамчаш лецира, уьш яхӀудхошна дуьхьалбахархьама. И хӀума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша паччахь дӀахӀотталц. 6. Ахьаш-Варуш Парси-махкахь паччахьалле веанчу хенахь, яхӀудхойн мостагӀаша Ярушалайман а, ЯхӀудан а бахархой бехкебеш кехат яздира. 7. Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера. 8. ТӀаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна: 9. «Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а. 10. Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу». 11. ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште — Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара. 12. Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш. 13. Нагахь санна и гӀала юхаметта а хӀоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду. 14. Иштта, паччахьан цӀен тӀера алапаш тхуна луш долу дела, тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хӀара кехат яздо хьоьга. 15. Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина. 16. Цундела оха паччахье хаам бо: нагахь санна, цу гӀалин пенаш хьала а доьттина, иза юхадӀахӀоттаяхь, Эпрат-хил дехьа хьан долахь латтанаш хир дац». 17. Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира: «Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а. 18. Аша даийтина долу кехат, гоч а дина, суна дӀадешна. 19. Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла. 20. Ярушалаймехь чӀогӀа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гӀалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агӀонгахь мел долчу латтанаш тӀехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла. 21. Ткъа аша хӀинца цу нахана тӀедилла деза, Ярушалайм юхаметтахӀоттош шаьш болийна болу белхаш аса шайна пурба даллалц совцабе аьлла. 22. Ларлолаш, цу хӀуманна тӀехь шаьш кхоа ма делаш. Пачхьалкхана дуьхьал зе хиллал и хӀума сов ма далийталаш!» 23. Артахь-Шашта-паччахьо дахьийтина долу кехат Рахьимана а, йозанча волчу Шимшайна а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчарна а хьалха дӀадешна ма-делли, цара, сихха яхӀудхой болчу Ярушалайме а бахана, шайн нуьцкъалчу куьйгаца цаьрга болийна болу белхаш сацабайтира. 24. Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.
Забур 86:11-17 11. Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац. 12. Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу. 13. «Вежарий, ладогӀалаш хӀинца ас аьндолчуьнга». 14. ПахӀала шайга арамхойн мотт буьйцу хезча, нехан къамелаш кхин а лагӀделира. ТӀаккха цо элира: 15. «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гӀалахь вина волу, амма кхузахь, хӀокху гӀалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Ӏамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гӀуллакх деш вара со. 16. Ӏийсан некъа тӀе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тӀе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. 17. Цунна тоьшалла дийр ду шуна динан коьртачу дас а, баккхийчеран кхеташоно а. Цаьргара дара ас схьаэцна Дамасакх-гӀаларчу вежаршка-жуьгташка долу кехаташ. Со цига вахара, схьа а лаьцна, Ярушалайме таӀзар дан нах схьабало.
Кицанаш 21:17-18 17. Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. 18. Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“
Векалийн 22:1-30 1. Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“. 2. Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. 3. Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“. 4. Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со. 5. Далла муьтӀахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Ӏачу жуьгташа дика цӀе йоккхуш волу Хьанас цӀе йолчу стага, 6. тӀе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“ Цу сохьта суна Хьанас гира. 7. Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. 8. ХӀунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха. 9. ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“. 10. Со Ярушалайме вухавеача, Делан цӀийнан кертахь доӀа дечу хенахь суна шовкъ еара: 11. Суна Ӏийса гира. Цо соьга элира: „Сихло, Ярушалаймера аравала, хӀунда аьлча кхузахь хьан Сох долу тоьшалла тӀеоьцур дац“. 12. Ас элира: „Веза Эла, цу нахана хаьа, со жуьгтийн гуламан цӀеношкахула леллий, Хьох тешаш болу нах схьалоьцуш а, царна етташ а. 13. Хьан теш хиллачу Тапин цӀий Ӏеначу хенахь со цигахь лаьтташ вара, и гӀуллакх къобал а деш, иза вуьш болчеран бедарш а ларъеш“. 14. ТӀаккха Цо элира соьга: „ДӀавало, Аса генна вохуьйту хьо, кхечу къаьмнийн нах болчу“». 15. И дешнаш аллалц ладугӀуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хӀиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» — бохуш. 16. Цара маьхьарий а хьоькхуш, тӀера хӀуманаш охьа а кхуьйсуш, оьгӀазбахана хӀаваэ чан кхуьйсучу хенахь, 17. тӀеман коьртачу хьаькамо омра дира, ПахӀал гӀопе дӀа а вигина, барт хатта, шед а етташ, наха кхунна тӀе мохь мича бахьанина хьоькху хаархьама. 18. Амма шед етта доьхкаршца ша дӀавихкинчу хенахь ПахӀала элира цигахь лаьттачу тӀеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?» 19. Иза хезна, тӀеман хьаькамо, шел лакхарчунна тӀе а вахана, элира: «Хьо хӀун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву». 20. Лакхарчу тӀеман хьаькамо, тӀе а веана, хаьттира ПахӀале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», — аьлла, жоп делира ПахӀала. 21. Коьртачу тӀеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахӀала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо». 22. Ша Риман вахархо дӀавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа. 23. ШолгӀачу дийнахь жуьгташа ПахӀал стенна бехке во хаа а лиъна, цунна тӀера зӀенаш дӀа а яхийтина, динан коьртачу дайшка а, ерриг а коьртачу кхеташоне а гулло а аьлла, ПахӀал, схьа а валийна, царна хьалха хӀоттийра тӀеман хьаькамо.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012