2. «Адаман кӀант, СеӀир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш,
3. дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеӀир-лам, Со хьуна дуьхьал ву. Ас Сайн ницкъ хьуна тӀе а берзор бу, хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу.
4. Хьан гӀаланаш йоха а йина, царах саьлнаш йина дӀахӀиттор ю Ас, хьо бассор бу Ас, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
5. Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагӀалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тӀехӀоьттинчу хенахь, царна тӀехь долу таӀзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дӀаделира, туьре хӀаллакдайтархьама.
6. Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Хьалдолчу Эло, — хьо Айса Ӏожалле дӀакховдор бу аьлла, и Ӏожалла хьуна тӀаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цӀий ца Ӏенош ца сацалора, и цӀий хьуна тӀаьхьадаьлла лелаш ду.
7. Ас СеӀир-лам, шена тӀехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тӀе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хӀаллаквийр ву.
8. Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина.
9. Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гӀаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
10. Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а.
11. Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Хьалдолчу Эло, — уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву.
12. ТӀаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!›
13. Иштта Суна дуьхьал аша дозалла а дора, кура къамелаш а дора’“.
14. Хьалдолчу Эло боху: „Дерриг а дуьне доккхадечу хенахь, Ас хьо бассор бу.
15. Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хӀинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеӀир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
3. Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагӀаша, шуна массо а агӀор го а бина, шу дассийна, ткъа хӀинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу.
9. Со шуьца ву, Ас гӀо дийр ду шуна. Шу охур а ду, шуна тӀехь ялта дӀа а дуьйр ду.
10. Шуна тӀехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тӀехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хӀоттийна, гӀаланаш а адамех хьалаюзур ю.
11. Ас шуна тӀехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кӀорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тӀехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
12. Ас Сайн Исраилан халкъ шуна тӀехула лоьлуьйтур ду. Шу церан долахь хир ду, аша кхин цкъа а церан дог а дохор дац, уьш тӀаьхье йоцуш а дитина“.
32. Шуна дӀахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, — боху Хьалдолчу Эло. — ЦӀий а луш, юьхьӀаьржачу хӀуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“.
33. Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шайн мел долчу къинойх Ас шу цӀандийр долчу дийнахь, шайн гӀаланашкахь нах юха охьаховшор а бу, йохийна йолу шун меттигаш юхаметтахӀиттийна а хир ю.
34. Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дӀахӀуттур ду, тӀехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ.
35. Цара эр ду: ‘ДӀаяханчу заманахь хӀара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хӀинца хӀара Ӏеданан беш санна ду. Кхузара гӀаланаш йохийна, яссийна, хӀаллакйина лаьтташ яра, ткъа хӀинца уьш чӀагӀйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’.
36. ТӀаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гӀаланаш юхаметтахӀиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тӀехь юха ялта дӀадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“.
37. Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Ас Исраилан халкъе кхин а цкъа Со лоьхуьйтур ву, церан дуьхьа Со лелийтархьама. Ас уьш, жа ма-деббара, доьбуьйтур бу.
38. Ярушалаймехь динан дезачу деношкахь сагӀина лерина долу уьстагӀий ма-хиллара дукха адам хир ду йохийначу гӀаланашкахь. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла“».