Библия Один Год

1. ХӀара бу Хьабукъа-пайхамарна Делера кхаьчна болу хаам.
2. Веза Эла, ас орца мел дохур ду те — Хьуна дӀа а ца хезаш, ас цӀогӀа мел хьоькхур ду те — къизалла ечух Ахь кӀелхьар а ца воккхуш?
3. ХӀунда хьоьжуьйту Ахь со зуламашка? Муха лов Ахьа харцонашка хьежар? Суна хьалха хӀаллакдар а, къизалла яр а ду. Массанхьа а девнаш а, къийсарш а ду.
4. И бахьана долуш Ӏедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Ӏесачо Делан лаамехь верг кӀелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу.
5. ТӀаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чӀогӀа цецдевр ду, хӀунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хӀума дийр ду Ас.
6. Ас хашадхой гӀовттор бу, къиза а, эргӀада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Ӏаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.
7. И халкъ кхерам тосуш а, нах Ӏадош а ду. Цара еш йолу кхел а, церан олалла а цаьргара шайгара схьадолу.
8. Церан говраш цӀоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богӀу, церан дошлой геннара схьабогӀу. Ижуна тӀекхета аьрзу санна, тӀемабевлла схьабогӀу уьш.
9. Мехкашна чу а гӀерташ, церан эскарш ницкъ бан Ӏалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогӀу. Цара йийсархой дӀалоцу, гӀум санна.
10. Цара паччахьаш хьийзабо, баьччанех царна белам хилла. Муьлххачу а чӀагӀонах бийлало уьш, го беш, баьрзнаш а хӀиттадой, уьш дӀалоцу цара.
11. ТӀаккха уьш, чехка мох санна, тӀех а бевлла, дӀабовлу. Уьш къилахь нах бу, хӀунда аьлча шайн ницкъах шайна дела кхоьллина цара».
12. Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таӀзар дайтархьама.
13. Вонашка хьежа тӀех цӀена бу Хьан бӀаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Ӏалур ма вац! Тешнабехк лелораш хӀунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Ӏесачара дӀакхаллар вист ца хуьлуш хӀунда лов те Ахь?
14. ХӀунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чӀерий а, шайна тӀехь олахой боцу текхаргаш а санна?
15. Хашадхоша уьш берриш а мӀерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дӀа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш.
16. Цундела цара сагӀанаш дахьа шайн эвнна, кӀур а туху шайн бойнна. ХӀунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.
17. Даим яссо мега те цара шайн эвнаш, къа ца хеташ даим халкъашна ницкъ бан мега те цара?
1. Ӏуналлина лерина йолчу бӀаьвнна тӀе вогӀур ву со, чардакха тӀехь лаьттар ву со. Со хьоьжур ву Везачу Эло сайга эр дерг хаархьама а, ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а.
2. Везачу Эло, жоп а луш, соьга иштта элира: «ДӀаязде Ас хьайна дӀахоуьйтун дерг, дикка къаьсташ дӀаязде экъанаш тӀе, йоьшучунна атта хилийтархьама.
3. И хаам дӀаязбе, хӀунда аьлча Ас дӀахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугӀуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац.
4. Хаам хӀара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцӀеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.
5. Иштта, чагӀаро Ӏехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Ӏожалла санна, цкъа а Ӏебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тӀе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».
6. Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хӀетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»
7. Хьуна декхарийлахь берш цӀеххьана гӀовттур-м бац те? Хьо кхоьруьйтуш берш самабевр-м бац те? ТӀаккха хьо церан ижу хилла дӀахӀуттур ма ву!
8. Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хӀунда аьлча ахь адамийн цӀий Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.
9. «Декъаза ву хьарамлонца шена хӀума гулдийриг, шена цӀа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кӀелхьарваккхархьама!»
10. Ахь дагалаьцначу хӀуманаша хьан цӀийнан сий дайина. Дукха халкъаш хӀаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь.
11. Пенашна юкъарчу тӀулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду.
12. «Декъаза ву цӀий тӀехь гӀала хӀоттош верг, харцдолчуьнца чӀагӀонаш дӀахӀиттош верг!»
13. Массо а ницкъийн Везачу Элера-м дац те халкъаша цӀеран дуьхьа къахьегна хилар а, къаьмнаша шаьш эрна хьийзийна хилар а?
14. Амма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хӀорд ма-буззара.
15. «Декъаза ву шена уллорачаьрга оьгӀазаллин кад молуьйтуш верг, церан сийсазалла гучуяккхархьама, маларш а мийлош, уьш бахош верг!»
16. Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тӀекхочур бу, хьан сийнна тӀе юьхьӀаьржо йогӀур ю.
17. Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тӀедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хӀаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХӀунда аьлча адамийн цӀий а ахь Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.
18. ХӀун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цӀун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хӀуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цӀунах муха тешар ву? И цӀу вист а ца хилало!
19. «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тӀулге „ХьалагӀатта!“ бохург. Цуьнга Ӏамалур дуй те цхьа а хӀума? ХӀаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».
20. Ткъа Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха!
1. Хьабукъа-пайхамаро тийжаме назма санна даьккхина доӀа.
2. Веза Эла! Ахь мел диначух лаьцна хезна суна. Веза Эла! Хьан гӀуллакхашка ларамах вуьзна ву со. Тхан деношкахь юха а дехьа уьш иштта, тхан заман чохь и гӀуллакхаш кхин а гучудахахьа! ОьгӀазвахханчохь къинхетамалла дагаяийтахьа.
3. Дела Теманера схьавогӀу, Везаниг а Паран-ломара схьавогӀу. Цуьнан возалло стигалш дӀахьулйо, Цуьнан сийлаллах латта дузу.
4. Цуьнан лепар малхан серло санна ду. Ницкъ къайлабаьлла болчу Цуьнан куьйгах зӀаьнарш юьйлу.
5. Цунна хьалха кхераме цамгар йогӀу. Цуьнан гӀулчашкахь Ӏожаллин ун лела.
6. Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дӀахьаьжча, халкъаш тохало. БӀешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду.
7. Суна го, хушанхойн четарш гӀайгӀанехь хилар, маданхойн меттаметтанаш сингаттамехь хилар.
8. Хишна оьгӀазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тӀе йирзина те Хьан оьгӀазалла? ХӀордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гӀудалкхаш лоьхку Ахь?
9. Ахь схьадоккху Хьайн секхаӀад, Хьайн ботт пхерчашца а юзу. Ахь Ӏоврашца хедадо латта.
10. Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КӀоргачу хӀордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу.
11. Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна.
12. Хьо оьгӀазаллехь лела лаьтта тӀехула. Хьайн дераллехь Ахь халкъаш хьоьшу.
13. Хьо хьалхаволу Хьайн халкъ кӀелхьардаккхархьама, Айхьа къобалдинарг кӀелхьардаккхархьама. Ахь Ӏесачийн халкъан коьртехь волчунна туху, бух тӀера хьалакхаччалц иза гучу а воккхуш.
14. Ахь цуьнан тӀемалойн хьаькам цуьнан шен пхерчашца вожаво, тхо дӀасадаржо, дарц санна, уьш тӀехьаьддачу дийнахь, хазахетарца мисканиг къайлаха дӀакхалла дагахь.
15. Ахь Хьайн говрашца хӀорд хьоьшу, сийлахьчу хийн чопа а йоккхуш.
16. Суна хезира — сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьӀахкех лазар кхийтира, сан когийн кӀелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тӀелеттачу халкъана тӀе догӀучу бохаман дийне.
17. Инжиран дитто заза ца даккхахь а, кемсийн таьллангана тӀе стом ца латабахь а, зайтдитто сатийсинарг ца лахь а, аренаша ялта ца лахь а, жоьлехь уьстагӀий ца дисахь а, божалахь даьхний ца дисахь а,
18. тӀаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кӀелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.
19. Хьалдолу Эла — сан ницкъ бу. Цо, сан когаш сен когаш санна а бо, со сайн лакхенашкахула а лоьлуьйту! Эшарш лоькхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
1. Везачу Элана бу хастам! ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар! ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!
2. Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву, махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву.
3. Дог доьхначарна дарба деш ву Иза, церан чевнаш йоьхкуш ву.
4. Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо, царна массарна а шайн цӀераш ло Цо.
5. Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла, Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ, барам бац Цуьнан хьекъалан.
6. Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло, ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо.
7. Баркаллица Везачу Элана назманаш ала. Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха.
8. Цо стигал мархашца дӀакъовлу, лаьттана догӀа хуьлуьйту, гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.
9. Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.
10. Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло, тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо.
17. Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.
1. ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.
2. И суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна.
3. ТӀаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Ӏожаллин чов, амма и чов дӀайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тӀаьхьаделира.
4. Адамаша цу саьрмикна Ӏибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Ӏибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?»
5. Кура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна.
6. Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо.
7. Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.
8. Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.
9. Лергаш долчо ладугӀийла хӀокхуьнга.
10. Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.
11. Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Ӏахаран санна, ши маӀа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора.
12. Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгӀачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тӀехь дехачу адамашка, а Ӏожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Ӏибадат дайтира.
13. Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха.
14. ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.
15. ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а.
16. ШолгӀачу экхано массо а адамийн — лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а — аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира.
17. Цу экханан мухӀар таӀийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хӀумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухӀар тӀехь цу экханан цӀе я цуьнан цӀеран терахь дара.
18. Цу тӀехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХӀунда аьлча иза адамийн терахьца догӀуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бӀе кхузткъе ялх.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012