6. Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.
7. Ас Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а аьтто юхаметтахӀоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чӀагӀдийр ду.
8. Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.
9. Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».
10. Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду
11. синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.
12. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хӀокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гӀаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаӀушка шайн жашка цигахь садаӀийтархьама.
6. Ярми-ЯхӀус и хаам Ярушалаймехь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье дӀаэлира.
7. Цу хенахь Бавелан паччахьан эскар Ярушалаймца а, ЯхӀуд-махкахь массо а схьалацаза йисинчу гӀаланашца а тӀом беш дара. ЯхӀуд-махкара чӀагӀйинчу гӀаланашна юкъахь схьалацаза Лахиш-гӀала а, Ӏазекхи-гӀала а бен ца йисинера.
8. Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргӀатбохур бу аьлла, барт бинчул тӀаьхьа.
9. Массара а Ӏебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргӀатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхӀудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.
10. Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргӀатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тӀеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дӀахецнера.
11. Амма, ойла а йина, шаьш паргӀатбаьхна болу леш юхабало хӀиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дӀахӀиттийнера.
13. «Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера:
14. ‘ХӀора ворхӀалгӀа шо дӀа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Ӏебархо дӀахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тӀаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира, цара Со тидаме а ца ийцира.
15. Аша хӀинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хӀорраммо а шайн къомах волу лай паргӀатвер ву элира. Сан цӀе лелош долчу цӀийнан кертахь, Суна хьалха и хӀума кхочушдан аша барт а бира.
16. Амма хӀинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цӀе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дӀабаха паргӀатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтӀахь а бина“.
17. Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгӀира, шайн къомах болчарна паргӀато а луш. Цундела Аса паргӀато лур ю туьрана а, Ӏожаллин уьнна а, мацаллина а, — боху Везачу Эло, — шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Ӏадийна лаьттар ю.
18. Суна хьалха бина барт а бохийна, бертан тӀедожораш кхочуш ца диначаьрца Со иштта хир ву: барт чӀагӀбеш хадийна долчу а, шина эханна юккъехула шаьш девлла долчу а эсана диннарг царна а дийр ду Аса.
19. Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а
21. Аса яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дӀалур бу, и эскар хӀинца шуьца тӀом беш долчуьра юхадаьллехь а.
22. Ас омра дийр ду, — боху Везачу Эло, — уьш и гӀала йолчу юхабахкийта. Цара, тӀе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цӀарца ягор а ю. ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
57. Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам.
58. Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду.
59. Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза.
60. Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза.
61. Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза.
62. Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш?
63. Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама.
64. Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.
21. Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш.