Библия Один Год

1. Цул тӀаьхьа цо, со Делан цӀийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гӀортораш юьстира. Церан хӀора а агӀонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира — иштта яра хӀора пенийн гӀорторийн шоралла.
2. Чуволу меттиг итт дол шуьйра яра, цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш пхиппа дол яра. Еза чоь йохалла шовзткъа дол яра, ткъа шоралла — ткъа дол яра.
3. ТӀаккха, чухуларчу чоьнна чу а ваьлла, чуволучун пенийн гӀортораш юьстира цо. Церан хӀораннан а шоралла ши дол яра. Чуволучун шоралла ялх дол яра, ткъа цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш ворхӀ-ворхӀ дол яра.
4. Цул тӀаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара меттиг уггар еза чоь ю».
5. Цо Делан цӀийнан пен буьстича, иза ялх дол хилира, ткъа цу цӀийнан агӀонашкахь йолу чоьнаш юьстича, церан шоралла диъ дол хилира.
6. Делан цӀенна тӀехоьттина кхаа гӀота тӀехь агӀонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цӀенна гонах долчу оганна тӀехь терхеш яра, агӀонийн чоьнийн тӀеш царна тӀедахкархьама, и тӀеш Делан цӀийнан оганашна чу а ца диссош.
7. ХӀора лакхарчу гӀотан агӀор чоьнаш шорлуш яра, хӀунда аьлча Делан цӀенна гонах долу ога лаха мел дели шорлуш дара. Иштта, Делан цӀийнан шоралла цхьана гӀота тӀера вукху гӀота тӀе кхаччалц хийцалора. Лахарчу гӀота тӀера лакхарчу гӀота тӀе юккъерачу гӀота тӀе а волий, хьалавалалора.
8. Суна гира, дерриг а Делан цӀенна гонах хьалабоьттина бух бара. Иза агӀонашкахь йолчу чоьнашна лерина бара. Цуьнан локхалла цхьана гӀожан барамехь яра, ялх дол а йолуш.
9. ЦӀийнан агӀонашкара йолчу чоьнийн пенаш пхи дол шуьйра дара. Цу чоьнашна а,
10. Делан цӀенна гонах йолчу чоьнашна а юкъахь ткъа дол хиллал меттиг яра.
11. АгӀонгарчу чоьнашна чуволу меттигаш яьссачу меттигна тӀейоьдура. Чуволу цхьа меттиг къилбаседехьа яра, важа — къилбехьа яра. Пхеа даларна агӀорчу чоьнийн бух яьссачу меттигна чубогӀура, дерриг а Делан цӀенна гонах.
12. Малхбузехьа йолчу Делан цӀийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гӀишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гӀишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра.
13. Цул тӀаьхьа цо Делан цӀа дуьстича, иза дохалла бӀе дол дара, ткъа шена тӀехь и гӀишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бӀе дол яра.
14. Делан цӀенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бӀе дол яра.
15. Делан цӀенна тӀехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гӀишлойн йохалла, цуьнан шина а агӀонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бӀе дол хилира. Делан цӀийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а,
16. неӀсагӀанаш а, дӀакъевлина кораш а, кхаа гӀота тӀехь агӀонашкара чоьнаш а — неӀсагӀина дуьхьал мел йолу хӀума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тӀера корашна тӀе кхаччалц. Кораш а дӀакъевлина дара дечигаца.
17. Иштта, чухуларчу чоьнна чуволу меттигна тӀехула а дечиган турсаш дара. Гобаьккхина массо а пенаш тӀехь, чохь а, арахь а, билгалъяьхначу меттигашкахь,
18. каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХӀора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хӀора каруб-маликан шишша юьхь яра.
19. Цхьана агӀонгара хурма-диттана тӀе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агӀонгара — лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цӀийнахь массанхьа а дехкина дара.
20. Лаьттара дуьйна чуволучунна тӀехула йолчу меттигна тӀе кхаччалц каруб-маликаш а, хурма-дитташ а дара. Уьш иштта Делан цӀийнан пенашна тӀехула дехкина а дара.
21. Делан цӀийнан йоккхачу чоьнна чуволучохь болу гур беакӀов бара. Уггар езачу чоьнна хьалха цхьа хӀума яра лаьтташ. ДӀахьаьжча,
22. иза дечигах бинчу сагӀа доккхучу кхерчах тера яра. И кхерч кхо дол лекха а, ши дол шуьйра а бара. Цуьнан маьӀигаш а, бух а, агӀонаш а дечигах йина яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара Везачу Элана хьалха лаьтташ йолу стол ю».
23. Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан а, уггар езачу чоьнан а шишша неӀ яра.
24. И неӀарш шишша дакъа долуш яра, хӀора дакъа меттахдаккха йиш йолуш дара. Шиъ цхьана агӀор, ткъа важа шиъ — вукху агӀор.
25. Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан неӀарш тӀехь дехкина, пенаш тӀехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра.
26. ДӀакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агӀор — ученан а, агӀонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агӀонашкахь.
1. Къилбаседехьарчу некъа тӀехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гӀишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тӀе вигира цо со.
2. И чоьнаш йохалла бӀе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш.
3. Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цӀенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могӀа вукху могӀанна дуьхьал бара, кхоккха гӀотахь а болуш.
4. Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бӀе дол еха а йолуш. Цу чоьнан неӀарш къилбаседехьа йирзина яра.
5. Лакха тӀера чоьнаш готта яра, хӀунда аьлча ученаша дӀалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дӀалаьцначул а.
6. Чоьнаш кхаа гӀотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хӀиттийна бӀогӀамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могӀанашкахь йолчу чоьнел.
7. Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тӀе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара.
8. Арахьарчу кертара чоьнийн могӀаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цӀенна дуьхьал болу чоьнийн могӀа бӀе дол бара.
9. Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неӀ яра. Арахьарчу кертахула чувогӀуш хилча малхбалехьара чувогӀийла дара.
10. Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гӀишлонна дуьхьал а яра чоьнаш.
11. Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогӀийла а, куц а, неӀарш а
12. къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дӀайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра.
13. Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш — кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а — хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.
14. Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тӀера Далла гӀуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хӀунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тӀе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тӀаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан».
15. Ша Делан цӀийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тӀаьхьа иза Делан цӀийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира.
16. Малхбалехьа йолу агӀо цо шен гӀожаца юьстира. И агӀо пхи бӀе дол хилира.
17. Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бӀе дол хилира.
18. Къилбехьара агӀо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.
19. Малхбузерчу агӀонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.
20. Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.
1. Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой, буьйсанна Везачу Элан цӀийнан кертахь Цунна гӀуллакхаш деш болу.
2. Делан цӀийне куьйгаш а кховдадай, Везачу Элана хастамаш бейша.
3. Стигалш а, латта а кхоьллинчу Везачу Эло Цийон-лам тӀера хьо декъалвойла!
6. Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву.
1. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дӀасабекъабеллачаьрга.
2. Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана муьтӀахь а хилла, Цуьнан цӀийца шу цӀиндалийта. Делан дика а, синпаргӀато а шорта хуьлда шуна!
3. 3-4 Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Ӏийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Ӏийса ден а вина, цу бахьаненна хӀаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тӀаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тӀаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
4. ***
5. ткъа шу, тӀаьхьара зама а еана, хиндолу кӀелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Ӏалашдеш ду.
6. Шу цунах даккхийдеш ду, хӀинца кӀеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а.
7. Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХӀунда аьлча деши, цӀарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Ӏийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
8. 8-9 Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хӀинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чӀогӀа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хӀунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Ӏалашо: шайн кӀелхьардовлар.
9. ***
10. Пайхамарша леррина талла а теллина, Ӏама а дина оцу кӀелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара.
11. Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гӀиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тӀаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.
12. Цаьрга хаийтира, шайна а доцуш, ткъа шуна гӀуллакх деш уьш хилар. Стигалара даийтинчу Делан Сино хаза кхаъ кхайкхош болчаьргахула хӀинца шуна дийцийтинарг кхайкхадора цара. Стигалара маликаш а тӀехь ду и къайле хаа лууш.
13. Сема а, дечу гӀуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.
14. Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта.
15. Мелхо а, шаьш а цӀена хила, шайн лелар а цӀена хилийта, шаьш ТӀекхайкхинарг цӀена ма-хиллара.
16. Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву».
17. Нагахь хӀораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.
18. Хаалаш, телхина дӀадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргӀато, шун дайх дисинчу гӀийлачу дахарх шу мукъадохуш,
19. амма цӀеначу а, бехк боцучу а Ӏахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цӀий делла ю.
20. Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тӀаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа.
21. Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.
22. Бакъдолчунна муьтӀахь хиларна, шайн синош а цӀандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хӀинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!
23. Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хӀу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду!
24. ХӀунда аьлча аьлла ду: «ХӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу,
25. ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012