Библия Один Год

1. «Тийна ладогӀа Соьга, хӀордан йистера къаьмнаш! Халкъаша шайн ницкъаш карлабохийла! Улло а даьхкина, дистхуьлийла уьш. ГӀуллакх къасто, цхьаьнатохийла вай.
2. Малхбалера волу стаг хьан самаваьккхина, иза дӀавахханчохь цуьнга толам а боккхуьйтуш? Цо халкъаш цуьнан кара дӀало, паччахьаш цунна муьтӀахь бойту. Цуьнан туьро царах чан йо, цуьнан Ӏедо уьш дӀасакхуьссу, мохо ча дӀаса ма-кхоссара.
3. Цо лаьхкина буьгу уьш, иза паргӀат дӀавоьду ша хьалха цкъа а ца ваханчу новкъахула.
4. Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тӀаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тӀаьххьарчаьрца а Со изза хир ву.
5. ХӀордан йистера къаьмнаш, иза а гина, кхераделла ду. Лаьттан йистера халкъаш дегош ду. Уьш схьа а догӀу, схьа а кхочу.
6. ХӀораммо а шен накъостана гӀо до, шен веше а олу: „ЧӀагӀлолахь!“
7. Пхьеро дашо пхьар иракарахӀиттаво. ЖӀаьвнаца болх бечо иракарахӀиттаво нуьйжина тӀехь тухуш верг. Латийначух боху: „Дика болх бина!“ Цо хьостамашца цӀу чӀагӀво, иза охьа ца вожийта.
8. Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тӀаьхье, Сан доттагӀчун ИбрахӀимах схьадаьлларг, —
9. Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо, генарчу маьӀигашкара Ас схьакхайкхина хьо. Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“. Ас хаьржина хьо, Ас хьо дӀа ца тесна.
10. Кхера ма кхера — Со хьоьца ву. Воха ма воха — Со хьан Дела ву. Ас хьо чӀагӀ а дийр ду, хьуна гӀо а дийр ду. Со хьуна гӀортор хилла дӀахӀуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца.
11. Хьуна оьгӀазбаханарш юьхьӀаьржачу хӀиттина а, тӀе эхь деана а хир бу. Хьуна дуьхьалбевлларш, хӀумма йоцург а хилла, хӀаллакьхир бу.
12. Ахь хьайн мостагӀий лехахь а, хьуна уьш карор бац. Хьуна дуьхьал тӀом беш берш, хӀумма а йоцург хилла, дӀабевр бу.
13. ХӀунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела. Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга: „Ма кхера, Ас хьуна гӀо дийр ду“.
14. Ма кхера, гӀийла а, кӀезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гӀо дийр ду хьуна, — боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргӀатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. —
15. Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дӀадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю.
16. Ахь ирхдугӀур ду уьш, амма мохо дӀасахьур ду уьш. Ткъа чӀогӀачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду.
17. Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш.
18. Ерзинчу лакхенашкахь хиш дуьйладолуьйтур ду Ас, тогӀешкахь шовданаш хьаладуьйлуьйтур ду. Яьссачу аренах хин Ӏам бийр бу Ас, декъачу лаьттах хин хьостанаш дийр ду.
19. Яьссачу арахь баган-дитт а, акаци а, турс а, акха зайт а дитташ дугӀур ду. Эрначу аренгахь зез-дитт а, база-дитт а, баганан дитт а дугӀур ду цхьаьний.
20. Халкъана гайта а, хаийта а, иза хьажийта а, кхетийта а, Везачу Элан куьйго иза динийла, Исраилан Везачу Дала иза кхоьллинийла».
21. «Къастадайта шайн гӀуллакх», — боху Везачу Эло. «Шайн тоьшаллаш даладе, — боху Якъубан Паччахьо. —
22. Шайн цӀушка тоьшаллаш даладайта, цаьрга хиндерг дийцийта тхуна. Хиллачух лаьцна тхо кхетадайта цаьрга, цунах лаьцна тхоьга ойланаш яйтархьама а, иза чекх муха дер ду тхуна хаийтархьама а. Я хиндолу хӀуманаш схьакхайкхадайта тхуна.
23. Ала тхоьга, хӀун хир ду йогӀучу хенахь, тӀаккха тхуна хуур ду, шу деланаш дуйла. Диканиг я вониг цхьаъ де, тхо цецдовлийта а, кхерадалийта а.
24. Амма шу хӀумма а йоцурш ю, шун гӀуллакхаш а ду пайда боцуш. Шу хоржуш верг а дегаза ву.
25. Ас къилбаседера стаг самаваьккхина, иза тӀегӀуртуш ву. Малхбалехь а волуш, Сан цӀе къобалйо цо. Цо хьоьшур бу куьйгалхой, хатт санна, кхийра пхьегӀа ечу пхьеро поппар санна, хьуьйр бу уьш.
26. Юьхьанца дуьйна хьан дийцина цунах лаьцна, вайна иза хаийтархьама? И хӀума хилале хьан дийцина цунах лаьцна, вайга: „Иза бакъ ву“ — алийтархьама? Цхьаммо а ца дийцина цунах лаьцна, иза хир ду а ца аьлла, цхьанна а ца хезна шуьгара дош.
27. Хьалхарниг санна Ас аьлла Цийоне: „ХӀорш бу хьуна уьш!“ Ярушалайме хаза кхаъ эцна геланча вахийтина Ас.
28. Со хьаьжира, амма цхьа а вацара, хьехар дала царна юкъахь цхьа а вацара. Ас хаьттинчунна жоп дала цхьа а вацара.
29. Хьажал, уьш хӀумма а яц! Церан гӀуллакхаш а пайда боцуш ду. Мох а, яьссалла а ю церан цӀуш».
1. «ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.
2. Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо.
3. Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо, дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц. Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю.
4. Иза гӀел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тӀехь Ша нийсо дӀахӀоттаяллалц. ХӀордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду».
5. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а, латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а, цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:
6. «Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тӀекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Ӏалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса,
7. Хьоьга бӀаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Ӏаш берш серлонга бахийтархьама а.
8. Со Веза Эла ву, иза ю Сан цӀе. Сайна йогӀу сийлалла кхечу далла дӀа ца йолуьйту Ас. Сайна богӀу хастам цӀушна ца бойту Ас.
9. Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХӀинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна».
10. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хӀорда тӀехула леларш, хӀорда чуьра дерриг а дийнаташ, хӀордан йистера мехкаш а, царна тӀехь Ӏаш берш а.
11. Яьссачу арено а, цунна тӀера гӀаланаша а шайн аьзнаш ойийла! Къедархой Ӏаш йолу меттигаш самукъадаьлла хуьлийла! СилаӀ-гӀалара бахархой, хазахеташ, эшарш лоькхуш хуьлийла! лаьмнийн баххьаш тӀера кхайкхамаш бойла!
12. Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла, Цунна хастам бойла хӀордан йистерчу мехкашкахь.
13. Веза Эла аравер ву, майра стаг санна. ТӀемалочо санна, тӀом баран лаам карзахбоккхур бу Цо. Цо кхайкхам а бийр бу, тӀеман цӀогӀа а тухур ду. Шен ницкъ гойтур бу Цо мостагӀашна тӀехь.
14. «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Ӏийра Со, садетташ а, собаре хилла а Ӏийра. Амма хӀинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду.
15. Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду, царна тӀера буц а якъор ю. Хиш дӀа а лакъийна, гӀайренаш йийр ю Ас, Ӏаьмнаш а дакъийна дӀахӀиттор ду, хиш дӀа а даьхна.
16. БӀаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дӀабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дӀатосур бац Ас.
17. Амма цӀунех тешна Ӏаш берш, цӀушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш, юхабоьрзур бу, доккха эхь тӀе а деана».
18. Везачу Эло боху: «ЛадогӀа, къоранаш, хьовса, бӀаьрзенаш, са гархьама!
19. Мила ву, Сан ялхо санна, бӀаьрзе, Ас вахийтина, Сан геланча санна, къора? Мила ву бӀаьрзе, Ас барт бинарг санна верг? Везачу Элан ялхо санна, бӀаьрзе верг мила ву?
20. Хьуна дуккха а хӀума гина, амма ахь церан тидам ца бина. Хьан лергаш схьадиллина дара, амма хьуна хӀумма а ца хезна».
21. Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.
22. Амма хӀара халкъ талор дина ду, нахана тӀера хӀонс схьаяьккхина ду. Уьш массо а Ӏаннашкахь латтош бу, я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу. Царах хӀонс хилла, цхьа а вац уьш кӀелхьарбаха. Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха».
23. Цу хӀумане хьан ладугӀур ду шух, я тӀейогӀучу заманахь цунна тӀе тидам шух хьан бийр бу?
24. Хьан дӀаелла Якъубан тӀаьхье, хӀонс санна? Хьан дӀаделла Исраилан халкъ талорхойн кара? Вай Цунна дуьхьал къинош летийначу Везачу Эло ца дина иза? Ца лиира царна Цуьнан некъашкахула лела, Цуьнан хьехамашка ла а ца дуьйгӀира.
25. Цо царна тӀеюттура Шен оьгӀазалла а, тӀеман къизалла а. Цуьнан оьгӀазалло, цӀеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тӀе ца ийцира цара иза.
26. Шад — говрана, дуьрста — вирана, ткъа гӀаж сонтачун букъана лерина хуьлу.
27. Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама.
28. Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохаран сурт ма-хӀуттура шун бӀаьргашна дуьхьал!
29. Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза?
30. Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?
31. Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх!
3. Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!
4. Делан Йозанаш тӀехь ИбрахӀимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».
1. Иштта хаалаш, билггала ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш Делах тешарш бу.
2. Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», — аьлла.
3. Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.
4. Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», — аьлла.
5. Ткъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».
6. Муса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
7. Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», — аьлла.
8. И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахӀиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чӀагӀо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.
9. Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а.
10. Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.
11. Ас бохург хӀара ду: диъ бӀе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чӀагӀо дӀа а ца яьккхира Дала.
12. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.
13. ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.
14. Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!
15. ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.
16. Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.
17. Ткъа и тешаран зама тӀекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц.
18. Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тӀе хӀоттийна волу тӀехьожург санна, дара товрат, тӀаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама.
19. Ткъа хӀинца, и тешар деана дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.
20. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду.
21. ХӀинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Ӏийсан бедарш тӀеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша.
22. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу — шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
23. Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тӀаккха шу ИбрахӀиман тӀаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чӀагӀо еш, лур ду аьлларг.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012