Библия Один Год

1. Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шеран борхӀалгӀачу баттахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан хӀара дош кхечира:
2. «Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгӀазвахана.
3. ХӀинца ахь, Закри-ЯхӀу, нахе иштта дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тӀедерза, тӀаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.
4. Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тӀера а, шайн зуламечу гӀуллакхашна тӀера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугӀура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, — боху Везачу Эло.
5. Шун дай — уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим?
6. Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тӀедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТӀаккха шун дай Суна тӀе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гӀуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
7. ЦхьайтталгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь — иза шабат олу бутт бу, — Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгӀачу шарахь Ӏидун кӀант волчу Барак-ЯхӀун кӀанте Закри-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.
8. Буьйсанна хӀара сурт хӀоьттира суна: расхачу динна тӀехиъна Ӏаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тӀехьа кхидолу дой дара — расха а, сира а, кӀайн а беснаш долу.
9. Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» — аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу».
10. Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дӀасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», — аьлла.
11. Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тӀехиъна Ӏаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамӀ дира: «Тхо лаьтта тӀехула дӀасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тӀехь адамаш гӀорасиза а, муьтӀахь а ду».
12. Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Ӏийр ву те Хьо оьгӀазвахана, Ярушалайм-гӀаланах а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таӀзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»
13. ТӀаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира.
14. Соьца къамел деш долчу малико соьга хӀара элира: «ДӀа а кхайкхаде, дӀа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со.
15. Инзаре йоккхачу дераллица оьгӀазвахана Со паргӀат дехачу дегалчу халкъашна, хӀунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгӀазло кӀезиг хиллехь а, Аса шайгахула таӀзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.
16. Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гӀала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цӀа юхаметтахӀуттур ду — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ярушалайм-гӀаланах чекхъер ю латта дусту тӀийраг’“.
17. Кхайкхош, кхидӀа а дӀаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гӀаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гӀала къастор а ю’“».
18. Юха, сайн бӀаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маӀа гира.
19. Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хӀун ю?» — аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхӀуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а нах дӀасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», — аьлла.
20. Цул тӀаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира.
21. «Уьш хӀун дан схьабогӀуш бу?» — аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаӀаш йолчу оцу халкъаша ЯхӀуд-мехкан бахархой дӀасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хӀорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхӀудхошна дуьхьал маӀаш хьалаайъинчу халкъийн маӀаш йохийна дӀаяхархьама».
1. Ас сайн бӀаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хӀара гира: шен карахь латта дусту тӀийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ.
2. Ас хаьттира: «Хьо стенга воьду?» — аьлла. Цо жоп делира: «Ярушалайм-гӀала юста воьду, цуьнан шоралла а, йохалла а мел ю хаархьама».
3. ТӀаккха соьга дистхуьлуш долу малик араделира, ткъа кхин малик дуьхьал догӀуш дара.
4. Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гӀо! Оцу къоначу стаге дӀаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Ӏаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гӀала хир ю.
5. Ткъа Со, — боху Везачу Эло, — Ярушалайм-гӀалина гонах цӀеран пен а хилла дӀахӀуттур а ву, гӀала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“».
6. «Варелаш! ДӀадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агӀор шу дӀасадаржийнера Ас, — боху Везачу Эло. —
7. ЦӀера Цийонера долу къам, варелахь! Бавел-гӀала йийсаре дӀадигна долу хьо, дедда кӀелхьардала!»
8. Шен сийлаллица со вахийтинчул тӀаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дӀа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоӀбӀаьргах дӀахьакхавелла.
9. Ас хӀинца Сайн куьг царна дуьхьал хьалаойур ду, тӀаккха хьалха шайн ялхой хиллачарна хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу уьш». Иштта хуур ду шуна, со массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.
10. «Йоккхае, самукъане хила, Цийонан йоӀ! ХӀунда аьлча Со, дӀа а веана, шуна юкъахь вехар ву, — боху Везачу Эло. —
11. Оцу дийнахь дукха халкъаш тӀедоьрзур ду Везачу Элана. Сан халкъ а хилла дӀахӀуьттур ду уьш. Со шуна юкъахь вехар ву. ТӀаккха хуур ду шуна Закри-ЯхӀу-пайхамар шайна тӀе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла.
12. Везачу Эло ЯхӀудан халкъ Шен дола доккхур ду, и халкъ дезачу лаьтта тӀера Шен дакъа долу дела, ткъа Ярушалайм-гӀала юха а къастийна хир ю».
13. ДӀасаца муьлхха а садолу хӀума Везачу Элана хьалха! ХӀунда аьлча Иза Шен дезачу цӀа чуьра араволуш ву.
1. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаӀ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агӀор лаьтташ долу шайтӀа а схьагайтира.
2. Везачу Эло элира шайтӀане: «Ва шайтӀа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гӀала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦӀерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?»
3. Ткъа ЮшаӀ боьхачу бедаршца лаьтташ вара маликана хьалха.
4. Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДӀаяха цунна тӀера боьха бедарш». Ткъа ЮшаӀе иштта элира: «Хьажал, хьуна тӀера къа дӀа а даьккхина, ас хьуна тӀе хаза духарш духур ду».
5. Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тилла». Цуьнан коьрта тӀе цӀена чалба тиллира, дегӀа тӀе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара.
6. Везачу Элан Малико тоьшалла а дира, ЮшаӀе иштта дӀа а элира:
7. «Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Нагахь санна Сан некъашца хьо лелар велахь, нагахь санна Сан парзаш ахь лардахь, Сан цӀенна тӀехь куьйгалла деш а хир ву хьо, Сан керташна тӀехьожуш а хир ву. Ас хьуна бакъо лур ю Со волчу ван, кхузахь лаьтташ берш Со волчу ма-бахккара.
8. ЛадогӀал, коьрта динан да волу ЮшаӀ — ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Ӏаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зӀийдаг.
9. Хьажал, Ас ЮшаӀана хьалха охьабиллина хӀара беза тӀулг, шена тӀехь ворхӀ агӀо йолу! Ас-Айса, тӀулг хадош, цу тӀехь йоза яздийр ду, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. — Ткъа цхьана дийнан муьрехь дӀадоккхур ду Ас хӀокху лаьттан къа.
10. Оцу дийнахь, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — шух хӀораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кӀелахь Ӏа шайн уллораниг хьошалгӀа кхойкхур ву“».
12. Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду:
13. паччахь хилла дӀахӀутту волу лай, муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг,
14. хьалха ца езаш хилла йолу, ткъа хӀинца маре йоьду зуда, иштта шен хӀусамненан метта оьцуш йолу гӀарбаш.
15. Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».
16. Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.
17. ШолгӀачу малико шен боган чохь дерг хӀорда чу охьадоьттира. ТӀаккха хӀорд, деллачу адамийн цӀийх а тарлуш, цӀий хилла дӀахӀоьттира. Ткъа хӀорда чуьра массо а дийна мел долу хӀума делира.
18. КхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира.
19. ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна.
20. Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна, Ахь цаьрга цӀий малийти. Царна и дан хьакъ а ду».
21. СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».
22. ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар.
23. Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.
1. ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура.
2. Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.
3. ЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира.
4. ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин.
5. Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.
6. «ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».
7. Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.
8. ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!»
9. ТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра.
10. Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.
11. ХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира.
12. Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012