Яхьазкхиал 47:1-23 1. Цул тӀаьхьа цо со Делан цӀенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неӀсагӀина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дӀадоьдуш дара, хӀунда аьлча Делан цӀа малхбалехьа дӀадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агӀор йолчу агӀонна кӀелара арадолуш дара, сагӀа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агӀонгара. 2. Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дӀадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогӀу жима татол. 3. И стаг малхбалехьа дӀавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тӀийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дӀаюьстира, тӀаккха со цу хи чухула дӀавигира. И хи сан хьакхолгана тӀе кхочура. 4. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гоьллец дара. Кхин а цхьа эзар дол меттиг дӀа а юьстина, цул тӀаьхьа цо со хи чухула дӀавигира. ХӀинца и хи суна гӀодаюккъе кхочура. 5. Кхин а цхьа эзар дол дӀаюьстира цо, амма хӀинца хин бухехула со хих чекх ца ваккхалора, хӀунда аьлча хи чӀогӀа лакхадаьллера. Нека деш бен хи чухула дехьа ца валаваллал кӀорга дара и хи. 6. Цул тӀаьхьа цу стага соьга элира: «Къаьрзинчу бӀаьргашца хьоьжуш ма вара хьо, адаман кӀант!» Иза а аьлла, цо со цу хин йисте юхавалийра. 7. Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агӀор дуккха а дитташ гира суна. 8. Цо соьга элира: «ХӀара хи малхбалехьарчу метте дӀадоьдуш ду, Ӏариба-тогӀи чу а доьду, ткъа цул тӀаьхьа иза Дуьрачу хӀордах дӀакхетар ду. ТӀаккха оцу хӀордан хи цӀанлур ду. 9. И хи дӀа мел кхеттачу меттехь сийсаш йолу хӀора са долу хӀума дика ехар ю. Цу хӀорда чохь дуккха а чӀерий а хир ду, хӀунда аьлча и хи, массанхьа а хӀуманаш цӀан а еш, царна дахар а луш, цу хӀордах дӀакхетта. 10. Ӏейн-ГӀадера дуьйна Ӏейн-Ӏеглайме кхаччалц хин бердашкахь чӀерийлецархой лаьтташ хир бу. Цигахь а бойнаш якъор ю. Вуно дукха тайп-тайпана чӀерий хир ду цигахь, Дуьненаюккъерчу хӀордана чохь санна. 11. Амма уьшалш а, чохь даьржина хи долу Ӏаьмнаш а цкъа а цӀанлур дац, уьш туьха даккхарна дуьтур ду. 12. Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тӀе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тӀера гӀаш цкъа а маргӀал а доьр дац. Царна тӀера стом кхачалур бац, хӀора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хӀунда аьлча царна тӀекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тӀера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гӀаш дарбанна лелор ду». 13. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХӀорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду). 14. Хьалаайинчу куьйгаца Аса шун дайшна чӀагӀо ярца лур ду аьлла и латта шайна юкъахь цхьатеррачу дакъошкахь декъа деза аша. ХӀара латта хӀинца шуна шерет санна кхочур ду. 15. ХӀара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хӀордана тӀера дӀадолало, тӀаккха Хьетлонехула, Хьаматан Ӏин тӀе дӀакхочу. 16. Цигара дӀа Хьамат-гӀала а, Берата-гӀала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тӀекхочу. Цигара дӀа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тӀе кхочу. 17. Иштта, лаьттан къилбаседера доза хӀордана тӀера дуьйна Дамасакхан кӀоштан къилбаседерчу дозанахь йолчу Хьацар-Ӏейнана тӀехь хир ду, цигара дӀа къилбаседехьа йолчу Хьамат-гӀала лаьттачу меттигца а хир ду. 18. Малхбалехьа долу доза Хьавранний, Дамасакхний юккъехула долу, иштта ГалӀадний, Исраил-махканий юккъехула долу, Йордан-хи йистехула дӀадоьду малхбалехьа болчу хӀордана тӀе кхаччалц. Иза малхбалехьара доза хир ду. 19. Къилбехьа долу доза Тамарина тӀера Мериба-Кхадеш цӀе йолчу шовданна тӀе кхаччалц дӀагӀур ду, цул тӀаьхьа Мисар-мехкан дозанехь долчу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхаччалц дӀагӀур ду. Иза къилбехьара долу доза хир ду. 20. Малхбузехьарчу агӀор дозанна метта Дуьненаюккъера хӀорд хир бу, Хьаматан Ӏинна дуьхьал йолчу меттигна тӀе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду. 21. И латта, Исраилан халкъан тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀасадекъа. 22. И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дӀасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу. 23. И тӀевеана стаг юкъахь вехаш долчу тайпано лаьтта тӀера цунна доьзалан дакъа дала деза». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Яхьазкхиал 48:1-35 1. «ХӀорш ю тайпанийн цӀераш. Къилбаседехьа йолчу агӀор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дӀа Хьацар-Ӏейнана тӀе кхаччалц (иза Дамасакхан кӀоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гӀала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тӀера хӀордана тӀе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду. 2. Данан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду. 3. Ашаран декъа тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза. 4. Напталан декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза. 5. Маннашан долахь долчу декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза. 6. Эпрайман дозанна тӀера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза. 7. Раабанан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхӀудан тайпанна кхочур ду». 8. «ЯхӀудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Ӏалашонна дӀакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цӀа хир ду. 9. Аша Везачу Элана совгӀатна дала дезаш долу лаьттан дакъа йохаллехь ткъе пхиъ эзар, ткъа шораллехь — ткъа эзар дол хир ду. 10. Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агӀор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агӀор — шоралла итт эзар дол, малхбалехь — шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза. 11. И латта Суна къобалбинчу а, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дӀало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дӀа ца бевлира, левихой ма-бовллара. 12. И латта, левихойн лаьттан декъана уллохь а долуш, церан долахь хир ду, ткъа лаьттан езачу кӀоштахь иза чӀогӀа деза дакъа хир ду. 13. Левихошна а кхочур ду лаьттан езачу кӀоштах цхьа дакъа. И дакъа, динан дайн декъана уллохь а долуш, хир ду ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а. Езачу кӀоштах долу левихойн дакъа йохалла ткъе пхиъ эзар дол хир ду, ткъа шоралла — итт эзар дол хир ду. 14. Цу лаьттах цхьа а дакъа я дохка а, я хийца а йиш яц церан. Иштта цхьана стеган карара вукхун кара дӀадала а йиш яц и тоьлла латта, хӀунда аьлча иза Везачу Элан долахь долу деза латта ду. 15. Важа долу лаьттан дакъа, ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, пхи эзар дол шораллехь а долу, гӀалин дола а даьккхина, дӀалур ду, иза деза хир дац. Цу лаьтта тӀехь адамаша гӀишлош а йийр ю, цигахь дежийлаш а хир ю, ткъа гӀала цу лаьттана юккъехь хир ю. 16. ГӀалин барам иштта хила беза: къилбаседехьара агӀо диъ эзар пхи бӀе дол, къилбехьа йолу агӀо — диъ эзар пхи бӀе дол, малхбалехьара а, малхбузехьара а йолу агӀонаш — диъ эзар пхи бӀе дол хила еза. 17. ГӀалин шен дежийлаш хир ю. Уьш къилбаседехьа а, къилбехьа а ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю, иштта малхбалехьа а, малхбузехьа а йолчу агӀор ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю. 18. Лаьттан езачу кӀоштан йистошкахь йисина меттиг — итт эзар дол малхбалехьа а, оццул малхбузехьа а — гӀаларчу белхалошна даа хӀума кхио лерина хир ю. 19. Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гӀалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь. 20. Дерриг и схьакъастийна долу латта деакӀов хила деза — ткъе пхиъ эзар дол йохаллехь а, оццул шораллехь а долуш. Иштта схьакъастийначу лаьтта чу йогӀуш хир ю лаьттан еза кӀошт а, гӀала тӀехь йолу латта а. 21. Лаьттан езачу кӀоштана а, гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу дисина латта элан долахь хир ду. Ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь йолчу езачу кӀоштан малхбалехь и латта Исраил-мехкан малхбалерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду, ткъа езачу кӀоштан малхбузехь и латта Исраил-мехкан малхбузерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду. Цу лаьттан ший а дакъа элан долахь хир ду, ткъа царна юккъехь еза кӀошт хир ю, чохь Делан цӀийнан еза меттиг йолу. 22. Иштта, левихойн латта а, гӀалина дӀаделла латта а — элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло. 23. Ткъа кхечу тайпанашна латта иштта дӀадекъа деза: малхбалехьара малхбузе кхаччалц цхьа дакъа Бен-Яманна кхочу. 24. Бен-Яманан дозанна тӀера малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ШимӀин тайпанна кхочур ду. 25. ШимӀин дозанна тӀера малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Иссарханна кхочу. 26. Иссарханан декъана тӀера малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Забулана кхочу. 27. Забулан декъа тӀера малхбалехьа йолчу йистана тӀера малхбузехьа йолчу йистана тӀе кхаччалц долу цхьа дакъа Гадина кхочу. 28. Гадин къилбехьа долу доза, къилбехьа йолчу Тамарина тӀера дуьйна Мериба-Кхадеш олучу шовданна тӀе а кхаьчна, цигара Мисар-мехкан дозанехь долу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхочу. 29. Иза ду аша исраилхойн тайпанашна юкъахь, кхаж а тосуш, дӀадекъа дезаш долу латта, церан лаьттан дакъош а хӀорш ду», — боху Хьалдолчу Эло. 30. «ХӀорш ю гӀалина чуьра араволийлаш. ГӀалин къилбаседехьа йолу агӀо йохаллехь йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю. 31. ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду. 32. Малхбалехьа йолу агӀо а йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цӀарах. 33. Къилбехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимӀин а, Иссарханан а, Забулан а цӀарах. 34. Малхбузехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол йохаллехь. Цу агӀонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цӀарах хир ду. 35. ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».
Забур 135:8-14 8. царах малх дийнан Ӏуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.) 9. бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 10. Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 11. Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу) 12. нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 13. Баркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 14. Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна — Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Кицанаш 29:9-9 9. Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац.
1 Кипин 4:1-19 1. Дала леррина Къобалвинчо Шен дегӀана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХӀунда аьлча дегӀана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дӀа а къаьстина, 2. дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву. 3. Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цӀушна хьарам Ӏибадат деш. 4. Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш. 5. Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна. 6. Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогӀмех аьлча — царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча — уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь. 7. Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду. 8. Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хӀунда аьлча безамо дукха къинош дӀахьулдо. 9. Шайн хӀусамашкахь вовшийн тӀеэца, яппарш а ца еш. 10. Шуна хӀоранна а ша тайпа похӀма кхаьчна. Вовшийн гӀуллакх де цу похӀмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хӀусамдас санна. 11. Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин! 12. Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла. 13. Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду. 14. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела. 15. Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таӀзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а. 16. Нагахь шуна дина таӀзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цӀе лелорна! 17. Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тӀера йолалур ю иза. Ткъа вайна тӀера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тӀе ца эцначу нахана хӀун таӀзар хир ду?! 18. «Делан лаамехь верг халла кӀелхьарволуш хилча, Ӏеса лелачунна а, къинош летийначунна а хӀун хир ду?» 19. Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дӀадала деза.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012