2. 2-3 Бетал-Шар-Эцара дӀаваийтинера РегӀам-Малик а, цуьнан нах а массо а ницкъийн Везачу Элан цӀа долчу, Веза Эла шайца дика хир вуй те аьлла хаттийтархьама. Цара цигахь динан дайшка а, пайхамаршка а хаттар дира: «Дуккха а шерашкахь тхаьш ма-дарра, делха а, пхоьалгӀачу баттахь марханаш кхаба а дезий те оха?» — аьлла.
3. ***
4. ТӀаккха соьга массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира:
5. «ХӀокху лаьтта тӀера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дӀаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?
6. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „И санна долчух теша цу деношкахь дисинчу халкъан бӀаьргашна а тамашийна хилча, Сан бӀаьргашна а хир дуй те иза иштта тамашийна?“ — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
7. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кӀелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара.
8. Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.
10. И денош тӀекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагӀчуьнгара синтем бацара. Ас хӀора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.
11. Ткъа хӀинца хӀокху халкъах бисинчарна Со хӀетахьлера санна вац, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло. —
12. Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хӀокху дисинчу халкъана дӀалур ду.
13. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неӀалт а кхайкхош, ЯхӀудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хӀинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чӀагӀлойла шун куьйгаш!“
14. ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгӀазвахийтинчу хенахь, Ас шу таӀзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дӀа ца яккхаре терра, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, —
15. Ас юха а билгалдаьккхина хӀокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхӀудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
18. Массо а ницкъийн Везачу Элан дош кхечира соьга:
19. «Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „БоьалгӀачу а, пхоьалгӀачу а, ворхӀалгӀачу а, уьтталгӀачу а беттан марханаш ЯхӀудан халкъана хазахетаран а, даккхийдеран а денош хилла дӀахӀуьттур ду, амма бакъдерг а, машар а безалаш“.
20. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ТӀейогӀучу хенахь дуккха а халкъаш а, дукхачу гӀаланийн бахархой а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур бу.
21. Цхьана гӀалин бахархоша, вукху гӀалин бахархошна тӀе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гӀо вай. Со а воьду цига’, — аьлла.
22. Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гӀалина тӀеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“.
23. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхӀудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дӀагӀур ду, хӀунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“».
1. ХӀара хаам Везачу Элера бу: ХӀадрах-махкахь а, Дамасакх-гӀалахь а соцур ву Веза Эла. Исраилан массо а тайпанаш тӀехь санна, Цуьнан бӀаьрг массо а адамашна тӀехь бу.
2. Цуьнан бӀаьрг иштта бу Дамасакх-гӀалина уллохь болчу Хьамат-махкана тӀехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦӀадан а гӀаланашна тӀехь а.
3. Цора-гӀалин бахархоша шайн гӀалина гобаьккхина чӀагӀонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина.
4. Делахь а Везачу Эло и гӀала миска йина дӀахӀоттор ю, цуьнан ницкъ хӀорда чохь хӀаллакбийр бу, ткъа и ша цӀарца хӀаллакйина хир ю.
5. И дерриг а гина, Ашкхилун-гӀалин бахархой инзарбевр бу, Ӏази-гӀалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Ӏекхранхой а, хӀунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Ӏази-гӀалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гӀалахь цхьа а дийна вуьсур вац.
6. Ашдод-гӀалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПӀелаштамхойн куралла Ас йожор ю.
7. ЦӀий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цӀушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПӀелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхӀудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Ӏекхранхой, явсайхой санна, хир бу.
8. Эскаро санна, Ас Сайн хӀусам ларйийр ю, цхьа а тӀемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гӀело йийриг кхин махка чувер вац, хӀунда аьлча Со хӀинца Сайн бӀаьргашца церан дуьхьа хьоьжу».
7. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Ӏийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гӀайгӀанехь а хилийта иза. ХӀунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Ӏаш ю. Со йисина Ӏаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гӀайгӀане!“
8. Цундела цхьана дийнахь богӀур бу цунна тӀе цуьнан баланаш: ялар а, гӀайгӀане хилар а, мацалла а. И гӀала цӀергахь йогур ю, хӀунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».
9. ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.
10. Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гӀала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гӀалин! ХӀунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»
11. Оцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц.
12. Уьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а,
13. хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш.
14. Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хӀуманаш ерриш а хьан долара дӀаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан».
15. И массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш,
16. цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! Дуткъачу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а кӀадийн бедарш тӀеюьйхира ахь. Дешин хӀуманашца а, дезачу тӀулгашца а, жовхӀаршца а кечйора хьо.
17. Цхьана сахьтехь хӀаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хӀордкеманаш долахь берш а, хӀордкеманашна тӀехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хӀордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дӀахӀиттира.
18. Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!»
19. ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гӀала! ХӀордана тӀехь долу массо а хӀордкеманаш шайн долахь долчара оцу гӀалин деза а, мехала а мел долчу хӀуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хӀинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дӀахӀоьтти».