1 Шерашкахь 21:1-30 1. Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. 2. Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта». 3. ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?» 4. Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара. 5. Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара. 6. Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба. 7. И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира. 8. Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса». 9. ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира: 10. «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“». 11. Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде: 12. Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“» 13. Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара». 14. ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш. 15. Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хӀаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин хьаьттарна юххехь дара. 16. Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира. 17. Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла, амма Хьан халкъана тӀехь и ун ма дуьсийла!» 18. Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дӀаалийтархьама: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь». 19. Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира. 20. Ша кӀа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кӀант цу маликах дӀахьулвелира. 21. Юха Дауд и волчу веара. ДӀахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара. 22. Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тӀедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна». 23. Аравнис Дауде жоп делира: «ДӀаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хӀара стерчий а дӀало дийнаташ дагоран сагӀина, мекха а дӀало ас дечиган метта, кӀа а дӀало кӀен сагӀина. И дерриг а аса маьхза дӀало хьуна». 24. Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХӀунда аьлча хьан долахь йолу хӀума Везачу Элана сайгара сагӀина лур яц аса. Маьхза еллачу хӀуманах дагоран сагӀа а доккхур дац аса». 25. Дауда ялх бӀе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. 26. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. ТӀаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу меттигна тӀе стигалара цӀе а йоссош. 27. ТӀаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира. 28. Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дӀахезна хилар а гина, циггахь сагӀанаш дехира. 29. Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цу хенахь ГавӀон-ломан сагӀа доккхучу гу тӀехь лаьтташ бара. 30. Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хӀунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.
1 Шерашкахь 22:1-19 1. ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь». 2. Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цӀенна кечбеш болу тӀулг хьакха нах дӀахӀиттийра Дауда. 3. Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира. 4. Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хӀунда аьлча цӀаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна. 5. Дауда элира: «Сан кӀант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цӀа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чӀогӀа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дӀакхалхале дукха хӀума кечдина хилла Дауда. 6. Шен кӀант Сулим тӀе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа де аьлла. 7. Дауда Сулиме элира: «Сан кӀант! Сайн Везачу Далла лерина цӀа дан дагадеанера суна. 8. Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цӀий а Ӏанийра, баккхий тӀемаш а бира. Суна лерина цӀа ахьа дан ца деза, хӀунда аьлча Суна хьалха дукха цӀий Ӏанийна ахьа лаьтта тӀе. 9. Хьан кӀант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагӀашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цӀе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. 10. Цо дийр ду Суна лерина цӀа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кӀант хир ву. Исраилан халкъана тӀехь долу цуьнан а, цуьнан тӀаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдийр ду Аса“. 11. Ткъа хӀинца, сан кӀант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цӀа дарна тӀехь хьан аьтто боккхийла Цо. 12. Исраилан халкъана тӀехь паччахь хьо дӀа а хӀоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. 13. Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. 14. Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе. 15. 15-16 Хьан дуккха а белхалой бу: тӀулг хьокхурш а, тӀулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цӀастанца а, эчигца а муьлхха а гӀуллакх дан хуур долу нах а — церан барам бац. Хьайн гӀуллакх, дӀа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла». 16. *** 17. Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тӀедиллира шен кӀантана Сулимана гӀо дар. 18. Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агӀор синтем ца белира ткъа? ХӀунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтӀахь хилира. 19. Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДӀа а хӀиттий, Везачу Далла лерина деза цӀа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, Далла леринчу гӀуллакхна лелош йолу язйина пхьегӀаш а охьаяхкархьама».
Забур 78:34-39 34. ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. 35. Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту. 36. Хьалха санна оьгӀазаллех кхехкаш вара Шаул, Ӏийсан мурдаш хӀаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. 37. Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. 38. Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 39. Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?»
Кицанаш 20:1-2 1. «Хьо мила ву, Веза Эла?» — хаьттира Шаула. «Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, — элира Цо. 2. ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».
Векалийн 9:1-21 1. Шаулна тӀаьхьа богӀу нах Ӏадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. 2. Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. 3. Кхаа дийнахь а, буса а бӀаьрса дайна Ӏийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура. 4. Дамасакхехь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Хьанас цӀе а йолуш. Цунна сурт хӀоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТӀаккха хӀокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» — аьлла. 5. Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхӀудан цӀа чу а гӀой, Тарс-гӀалара Шаул цӀе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хӀинца доӀанаш деш ву. 6. Цунна сурт хӀоьттина, Хьанас цӀе йолчу стага, ван а веана, шен бӀаьргаш тӀе куьйгаш дохкуш, шен бӀаьрса схьадаийта». 7. Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. 8. Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». 9. Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. 10. Ас гойтур ду цунна, Сан цӀе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза». 11. Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». 12. Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза. 13. ХӀума йиинчул тӀаьхьа гӀора деара цуьнга. Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула. 14. Шаул жуьгтийн гуламан цӀеношкахь хьехам бан волавелира, Ӏийса Делан КӀант ву бохуш. 15. Цуьнга ладоьгӀначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Ӏийсага кхойкхуш берш хӀаллакбан гӀерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тӀебига веана вац иза?»
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012