Библия Один Год

1. Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, иштта боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта’.
2. Нагахь санна дӀахеца ца лууш, ахь иза кхин а сецадахь,
3. Везачу Эло шен таӀзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тӀе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагӀашна, гезаршна тӀе даьӀнаш долу луьра ун кхетар ду.
4. Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“».
5. Юха хан билгалъяьккхира Везачу Эло: «Кхана Ас дийр ду иза кху лаьтта тӀехь».
6. ШолгӀачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хӀумма а ца хилира.
7. ПирӀуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.
8. Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Канашкахь пешара юкъ схьа а эций, Мусага ирхкхоссийта иза, пирӀунна а гуш.
9. Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гӀаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю».
10. Пешара юкъ а эцна, пирӀунна хьалха хӀоьттира Муса а, АхӀарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тӀехь чевнаш хӀиттира, ноткъа а йолуш.
11. Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хӀунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тӀехь чевнаш йолуш бара.
12. Амма Везачу Эло чӀагӀдинера пирӀунан дог, цо ла ца дуьйгӀира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара.
13. Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна тӀе а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта.
14. ХӀинца Ас Сайн дерриг а таӀзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тӀе, Соьга кхочуш дуьнен тӀехь цхьа а воцийла хьуна хаийта.
15. Сан куьг шуна тӀехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тӀера дӀадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь.
16. Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тӀехь массо а адамна Сайн цӀе йовзийта.
17. Амма хьо хӀинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дӀа ца хоьцуш.
18. Цундела Ас кхана, хӀоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю.
19. Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тӀе къора а кхетта, уьш хӀаллакьхир ду’“».
20. Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирӀунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цӀеношкахь дӀагулдира.
21. Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тӀе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера.
22. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тӀе къора кхетар ю».
23. Мусас шен Ӏаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тӀе къора туьйхира Везачу Эло.
24. Къора яра схьайогӀуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тӀе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чӀогӀа къора яра иза.
25. Арахь дерг адамна тӀера даьхнина тӀе кхаччалц хӀаллакдира къорано, буц а дӀаяьккхира, дитташ а кегдира.
26. Амма исраилхой Ӏаш болчохь, ГӀашанахь, къора ца туьйхира.
27. Мусага а, АхӀароне а схьа а кхайкхина, пирӀуно элира: «ХӀинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду.
28. ДоӀа де Везачу Эле, къора а, стигал къекъор а сацаде алий. Ас дӀадохуьйтур ду шу, кхин сеца ца деш».
29. Мусас цуьнга элира: «Ас, гӀалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доӀа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла.
30. Амма суна хаьа, хьо а, хьан уллоранаш а хӀинца а Делах, Везачу Элах, ца кхоьрийла».
31. Вета а, мукх а хӀаллакдинера, хӀунда аьлча мекхо кан хецнера, ткъа ветано хӀу теснера.
32. ТӀаьхьа кхуьуш долу дела, кӀена хӀумма а ца хиллера.
33. ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тӀе оьху догӀа а дӀатийра.
34. ДогӀа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирӀуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира.
35. Дог а чӀагӀдина, исраилхой дӀа ца хийцира пирӀуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.
1. Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу гӀо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чӀагӀдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама.
2. Хьоьга хьайн тӀаьхьене а, тӀаьхьенийн тӀаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».
3. Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Ӏан воллий Суна къар ца луш? ДӀахеца Сан халкъ Суна Ӏибадат дайта.
4. Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тӀе цӀоз хоьцур ду.
5. Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тӀаьхьа арарчу дитташ тӀе хьаладаьлларг а дӀадуур ду цо.
6. Хьан цӀенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цӀенош а хьаладузур ду цӀазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тӀехь Ӏаш мел бу“». Юха а вирзина, пирӀун волчуьра аравелира Муса.
7. ТӀаккха цунна уллорачара элира пирӀуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДӀахецахьа уьш шайн Везачу Далла Ӏибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хӀаллакьхуьлуш хилар?»
8. ПирӀуно Муса а, АхӀарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гӀой, шайн Везачу Далла Ӏибадат де. Мила гӀур ву шух цига?»
9. «Берриш а гӀур бу, — жоп делира Мусас, — жима а, воккха а. Тхайн кӀентий а, йоӀарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гӀур ду тхо, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».
10. ПирӀуно элира: «Шун бераш шуьца дӀадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хӀума ду шуна дагахь.
11. Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тӀаьхьа Мусай, АхӀаронний пирӀун волчуьра араваьккхира.
12. ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тӀехула дӀалаца, кху махка тӀе цӀоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дӀадуийла цо».
13. Мусас шен Ӏаса Мисар-махкана тӀехула дӀалецира. Везачу Эло кху лаьтта тӀе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Ӏуьйре тӀееача, малхбалерчу мохо цӀоз деара.
14. Инзаре дукха цӀоз тӀелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цӀоз я тӀаьхьа а хир дац.
15. Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дӀалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тӀера стоьмаш а дӀабиира цӀазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тӀехь а, я арарчу баца тӀехь а соьналлех хӀума ца дисира.
16. Мусай, АхӀаронний сихонца тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас.
17. Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доӀа дейша, со хӀокху Ӏожаллех кӀелхьарваккха алий».
18. ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доӀа дира Мусас.
19. Малхбузехьара дуьхьал чӀогӀа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цӀоз Эрзан хӀорда чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цӀоз а ца дисира.
20. Амма Везачу Эло дог чӀагӀдина волчу пирӀуно Исраилан халкъ юха а дӀа ца дахийтира.
21. Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу».
22. Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хӀоьттира.
23. Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Ӏачуьра хьала а ца гӀовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цӀенош долчохь серло яра.
24. Мусага тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, Везачу Элана Ӏибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».
25. Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха.
26. Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дӀадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хӀунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагӀа. Тхаьш цига дӀакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагӀина хӀун хьайба ден деза».
27. Везачу Эло дог чӀагӀдинчу пирӀунна уьш дӀахеца ца лиира.
28. ТӀаккха пирӀуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».
29. Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».
8. Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела.
9. Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара елира, догуш долу кӀегий цу чуьра охьаоьгура.
10. Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
11. Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь дӀавахара Иза.
12. Цо хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира.
13. Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира.
14. Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гӀовгӀа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кӀегий серладевлира
15. Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира.
21. Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо.
22. Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво.
23. Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву.
1. «ХӀунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Ӏуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг.
2. Цхьа динари ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дӀахьажийна.
3. Ӏуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тӀехволуш, цунна гина цхьа а хӀума а ца деш лаьтташ волу масех стаг.
4. Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дӀалур бу“.
5. Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина.
6. Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“
7. Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.
8. Суьйре тӀекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тӀехьажа хӀоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дӀало — тӀаьхьара болчарна тӀера дӀадоладай, хьалхарчарна тӀекхаччалц“.
9. Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла.
10. Хьалха цо тӀелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари.
11. Ахча схьаэцначул тӀаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла.
12. Цара бохуш хилла: „Уггар тӀаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дӀанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“.
13. Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХӀей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла.
14. Хьайна догӀуш долу ахча дӀа а эций, дӀагӀо хьайн новкъа. Ткъа суна тӀаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа.
15. Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагӀ?“
16. Иштта тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тӀаьхьара хир бу».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012