Библия Один Год

1. Юши-ЯхӀун кӀант волчу а, яхӀудхойн паччахь волчу а ЯхӀу-Якхама олалла дечу доьалгӀачу шарахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхӀун кӀант Барух тептар тӀехь дӀаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхӀу Барухе вистхилира:
2. «ХӀара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала:
3. „Ахь боху: ‘Маржа-яӀ! Везачу Эло сан деган лазамна тӀе гӀайгӀа тоьхна. Аса дечу узарша гӀелвина со, ткъа суна синтем бац’.
4. Иштта дӀаала цуьнга, Ярми-ЯхӀу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хӀоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дӀа мел йоьгӀнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тӀехь дийр ду.
5. Барух, Аса хьайна даккхий гӀуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хӀунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, — боху Везачу Эло. — Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хӀонс санна, лур ду›’“».
1. Ярми-ЯхӀу-пайхамаре кхечу къаьмнех лаьцна болу Везачу Элера хаамаш хӀорш бу.
2. И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирӀунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирӀунан эскар эшийра яхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь. ХӀара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам:
3. «Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху: „Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай, тӀом бан арадовла.
4. Дошлой, шайн говраш тӀе нуьйраш а тахкий, царна тӀе а ховший, шайн гӀемаш дӀатахка. Иштта гӀаьгӀнаш тӀедуха, гоьмукъаш а ирде“.
5. Уьш, кхера а белла, юхабевлла хӀунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агӀор къемат ма ду царна тӀегӀерташ, — боху Везачу Эло. —
6. Сиха водуш верг а ведда, кӀелхьарвалалур вац, ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац. Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь, ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу.
7. Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду? Цуьнан хиш санна, тӀехдуьйлуш дерг мила ду?
8. Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тӀехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дӀахьулдийр ду, цу тӀера ерриг а гӀаланаш а, царна чуьра бахархой а хӀаллакбийр бу“.
9. Дошлой, говраш тӀе ховша! ГӀудалкхаш чехка хахкийта! ТӀемалой тӀамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пӀатӀахой а, иштта секхаӀедаш дулуш болу лудамхой а, тӀаме хӀинца арадовла!
10. ХӀара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХӀара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагӀашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дӀакхоллур бу, ша Ӏаббалц, церан цӀий а молур ду, хӀунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагӀа кечдийр ду.
11. ГалӀаде а гӀой, цигара хьайна молханаш схьаэца, ва хьоме Мисаран къам! Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу, хӀунда аьлча хьуна хила дарба дац.
12. Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тӀемало вукху тӀемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву».
13. Мисар-махкана тӀелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре иштта хаам бира:
14. «ХӀара хаам дӀакхайкхабе Мисар-махкахула, дӀахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гӀаланашкахь: „Лардаран раьгӀнашкахь дӀахӀиттий, тӀамана кечло, мостагӀчун туьро хьуна гонах мел долу къам дӀакхоллу дела.
15. ХӀаллак хӀунда хилла хьан ницкъболу тӀемалой? Уьш дуьхьал латталур бац, хӀунда аьлча Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“.
16. Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тӀе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагӀур ду вай вайн халкъана тӀе а, вайн махкана тӀе а, хӀаллакдечу туьрах кӀелхьардовлархьама“.
17. Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун эрна гӀовгӀа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дӀаяхийти“.
18. Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, — боху Паччахьо, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, — лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хӀордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогӀур ву шуна.
19. Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хӀума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хӀунда аьлча Нуп-гӀала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю.
20. Мисаран къам чӀогӀа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тӀебогӀу.
21. Цо тӀелаьцна балийна болу тӀемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дӀагӀур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хӀунда аьлча церан Ӏожаллин де тӀекхаьчна, царна таӀзар хуьлу де ду тӀедеанарг.
22. Мисаран эскар дедда дӀагӀур ду, лаьхьано санна хиш-ш а деш, мостагӀийн эскар улло кхочучу хенахь. Уьш, шайн карахь дагарш а долуш, хьун хьакхархой санна, цунна тӀе летар бу.
23. Цара хьокхур ю мисархойн хьун, — боху Везачу Эло, — Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦӀоз санна, дукха ду мостагӀчун эскар, уьш багарбина а вер вац.
24. ЮьхьӀаьржачу хӀоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагӀур ду иза».
25. Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таӀзар дийр ду Ну-гӀалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирӀунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирӀунах тешна Ӏаш мел болчарна а.
26. Уьш хӀаллакбан гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу Ас уьш — Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тӀаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Ӏаш хир бу», — боху Везачу Эло.
27. «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кӀелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дӀабигначу махкара хьан тӀаьхьенаш паргӀатйохур а ю. Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац.
28. Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, — боху Везачу Эло, — Со хьоьца волу дела. Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хӀаллакдийр делахь а, шу хӀаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таӀзар дийр ду».
105. Товрат-хьехам кхочушбеш воцург Ӏесачу нахаца ву, амма иза кхочушбеш хьо велахь, хьо цу нахана дуьхьал ву.
106. Хаалахь, тӀаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю.
107. Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтӀахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш.
108. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хӀума бӀаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.
109. Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кӀоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах.
110. Дин лелорехь тӀехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дӀатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.
111. Къайлаха нехан хӀусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КӀеда дог долу зударий кӀелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий.
112. Динах лаьцна хьехамаш даим Ӏамо гӀерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга.
4. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
1. Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.
2. Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Ӏалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь.
3. Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со.
4. Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тӀаьхьа а хӀоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.
5. ХӀилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.
6. Хьох лаьцна-м хӀара эр ду ас: хьайна Ӏемина долу а, хьо тешна волу а и гӀуллакх кхидӀа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.
7. Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.
8. Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Ӏаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гӀалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш.
9. Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012