Библия Один Год

1. И Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».
2. Хьан бедарш цӀен хӀунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна?
3. «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгӀазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цӀий Сан обанна тӀе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас.
4. Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чӀир екхаран шо тӀекхаьчна.
5. Со хьийжира, амма гӀоьнча вацара. Со цецвелира, гӀо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гӀо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира.
6. Сайн оьгӀазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цӀий лаьтта охьадоьттира Ас».
7. Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гӀуллакхаш а, Цунна хастам бан хьакъ долу гӀуллакхаш а. Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а, Шен хедар боцу безам боккха хиларна а, Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас, Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.
8. Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТӀаккха Иза церан КӀелхьардоккхург хилира.
9. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
10. Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.
11. ТӀаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагӀий Ӏуйшца хӀордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг?
12. Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дӀасадекънарг, абаденналц Шен цӀе гӀараяккхархьама?
13. Мичахь ву уьш Ӏаннашкахула дӀабигнарг?» Шерачу арахула дӀаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дӀабоьлхуш.
14. ТогӀи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаӀа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дӀадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цӀе гӀараяккхархьама.
15. Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цӀа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гӀайгӀа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу.
16. Хьо-м тхан Да ву, ИбрахӀимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цӀе «Тхан ПаргӀатдохург» ю.
17. Хьайн некъаш тӀера тхо гал хӀунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чӀогӀа тхан дегнаш чӀагӀ хӀунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа — Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа.
18. КӀеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хӀинца тхан мостагӀаша хьаьшира Хьан деза цӀа.
19. Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цӀе тхоьца ца йоьзча санна хилла дӀахӀиттира тхо.
1. Стигалш а этӀийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха.
2. ЧӀешах цӀе латийча санна а, цӀеро хи кхехкийча санна а, Хьан мостагӀашна Хьан цӀе йовзийта, Хьуна хьалха къаьмнаш дегадайта!
3. Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира.
4. Азалера дуьйна лергана а ца хезнера, цхьанна хаа ца велира, бӀаьргана а ца гинера кхин Дела, Хьо воцург, Шега хьоьжуш болчеран дуьхьа леладеш волу.
5. Самукъадаларца бакъдерг кхочушдеш волчунна а, Хьан некъаш дагахь латтош волчунна а гӀо дан вогӀу Хьо. Амма Хьо оьгӀазвахара тхуна, хӀунда аьлча тхо дукха хенахь дуьйна къинош летош дара. Тхо кӀелхьар муха девр ду?
6. Далла хьалха тхо дерриш а бехвелла стаг санна хилла дӀахӀиттина, оха мел дина бакъахьара гӀуллакхаш дегаза горгамаш санна ду. Тхо массо а, гӀа санна, маргӀалдулу, тхан къиноша, мохо санна, дӀахьо тхо.
7. ДоӀанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гӀерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хӀаллакьхила а дуьтуш.
8. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву — тхо массо а Ахь кхоьллина ду.
9. Веза Эла, ма гӀохьа оьгӀаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду.
10. Хьан езачу гӀаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла.
11. ЦӀергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цӀа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хӀинца йохийна Ӏохкуш ю.
12. Веза Эла, и дерриг а хиллачул тӀаьхьа а ӀадӀийр ву Хьо? Вист ца хуьлуш а, тхуна барам боцуш таӀзар деш а хир ву Хьо?
14. Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тӀе боккха горга тӀулг охьакарчийта гӀертачунна и тӀулг цунна шена тӀекерчар бу.
15. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга — шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга.
16. Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.
17. Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле.
18. Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса,
27. шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела.
1. Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла.
2. Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу — со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а.
3. Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан.
4. Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар,
5. шайна гӀоле дерг хӀун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шу цӀена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а,
6. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.
7. Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар.
8. Дала леррина Къобалвинчунна со тӀаьхьахӀоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цӀенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дӀахиънера.
9. ХӀинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чӀагӀделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш.
10. Бакъду, цхьаболчара хьагӀ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна.
11. Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела.
12. Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цӀена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш.
13. Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргӀанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву.
14. ХӀунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доӀанашца а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Синан гӀоьнца а со паргӀатвалийта суна диканна дуйла.
15. Сайн кӀорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хӀуманна тӀехь юьхьӀаьржачу хӀуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хӀинца а соьгахула лакхавалийтархьама — со вехар велахь а, я лийр велахь а.
16. ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг — сан дахар ду, ткъа Ӏожалла — суна пайда хилар ду.
17. Нагахь сан дахар кхидӀа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза.
18. Шинна а агӀор Ӏожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хӀунда аьлча иза дуккха а гӀолехь хир дара.
19. Ткъа со кху дуьненахь вехаш Ӏар шуна пайдехь ду.
20. Оцу тӀехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама.
21. ТӀаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу доьзна а долуш.
22. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу.
23. Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна — кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду.
24. ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна.
25. Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тӀамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тӀом бара. Ткъа хӀинца, шуна ма-хаззара, со кхидӀа а оццу тӀамехь лаьтташ ву.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012