Библия Один Год

1. И дерриг а хиллачул тӀаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хӀоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Ӏалашвен йолу гӀап ю. Ас хьуна ден долу совгӀат а доккха ду».
2. Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хӀумма а лойла дац хьан, хӀунда аьлча сан кӀант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиӀазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг.
3. Ахьа кӀант ца велла суна, — элира Ибрама, — цундела сан цӀа чохь вина лай хир ву сан тӀаьхье дӀакхоьхьуш верг».
4. ТӀаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кӀант хир ву, цунах хьан тӀаьхье а хир ю».
5. Цул тӀаьхьа, Ибрам четар кӀелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДӀахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье».
6. Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира.
7. Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гӀалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хӀара латта хьуна дӀадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».
8. Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хӀара латта сан дуйла?»
9. Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагӀ а, кхокха а, къоркхокха а ба».
10. И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе.
11. Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тӀелетира дера олхазарш, амма Ибрама дӀалаьхкира уьш.
12. Малх чубузучу хенахь Ибрамна чӀогӀа наб кхийтира. ГӀенах инзаре кхерам бахьаш бода хӀоьттира цунна гонах.
13. Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.
14. Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенах болу нах цу махкара дӀагӀур бу, дуккха а хьал а эцна.
15. Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тӀе дӀагӀур ву са паргӀатдаьлла, кӀорггера хенара а волуш дӀа а вуллур ву.
16. Йиъ тӀаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тӀе юхадогӀур ду, хӀунда аьлча кхузахь Ӏаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хӀинца а».
17. Малх чубуьзначул тӀаьхьа чӀогӀа бода хӀоьттира. ЦӀеххьана шена чуьра кӀур хьалаоьху кад а, цӀеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула.
18. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тӀаьхьенна дӀалур ду хӀара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц,
19. кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а,
20. хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а,
21. эмархойн а, канаӀанхойн а, гӀиргӀашийн а, явсайхойн а латта», — аьлла.
1. Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХӀажар цӀе а йолуш.
2. Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дӀавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгӀира.
3. И дерриге хилира Ибрама КанаӀан-махкахь итт шо даьккхинчул тӀаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХӀажар елира, цунах зуда яйта.
4. Ибрамах доьзалхочух хилира ХӀажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна.
5. ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».
6. Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», — аьлла. Сарета чӀогӀа ницкъ бора ХӀажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира.
7. Везачу Элера долчу маликана Шур-гӀала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХӀажар.
8. Малико элира: «Саретан ялхо ХӀажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?» ХӀажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогӀу».
9. Везачу Элан Малико элира ХӀажаре: «Хьайн хӀусамнана йолчу цӀа а гӀой, цуьнга ладугӀуш хила».
10. Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тӀаьхь-тӀаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тӀаьхье хуьлуьйтур ю хьан».
11. Кхин а тӀетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХӀажар, хьо хӀинца доьзалхочух ю, хьан кӀант хир ву. Ахьа цуьнан цӀе ИсмаьӀал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш.
12. ИсмаьӀал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагӀалла долуш Ӏийр ву иза».
13. ХӀажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цӀе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хӀунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?»
14. Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гӀалина а юккъехь йолчу цу гӀунах олу «Дийначу, со гуш волчун гӀу» (Ӏебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»).
15. ХӀажара Ибрамна кӀант вира, Ибрама цуьнан цӀе ИсмаьӀал тиллира.
16. Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХӀажара ИсмаьӀал вича.
1. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза.
2. Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн.
3. ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела, аса доккхучу орцане. Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш.
4. Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.
5. Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву. Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац.
6. Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.
7. Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а.
6. ХӀунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу.
7. Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву.
8. Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Ӏалашдо.
9. ТӀаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцӀена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу.
19. «Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хӀаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дӀахьур ду.
20. Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хӀаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дӀа а хьур дац.
21. Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду.
22. Стеган бӀаьрг цуьнан дегӀан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бӀаьрг цӀена белахь, хьан дерриге а дегӀ серлонах дуьзна хир ду.
23. Амма хьан бӀаьргаш цӀена бацахь, хьан дерриг дегӀ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода!
24. Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний — Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу».
25. «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду.
26. Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша?
27. Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша?
28. Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу.
29. Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна.
30. Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш.
31. Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“ — бохуш, шайн са ма гатде.
32. Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш.
33. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.
34. Кханенна сагатдеш ойла ма е — цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу».
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012