Библия Один Год

1. ТӀаккха со волчу Везачу Элан дош кхечира:
2. «ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.
3. Исраилхой, шуна чаккхе тӀекхаьчна. Сайн оьгӀазалла охьаӀанор ю ас шуна тӀе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
4. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла».
5. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тӀаьхьахӀоьттина богӀуш бохам бу!
6. ТӀекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хӀинцале а тӀекхаьчна.
7. Исраил-махкахь Ӏаш берш, бохаман рагӀ шуна тӀекхаьчна. Дог доьхначеран зама тӀекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гӀовгӀа ца хеза де.
8. Кестта Аса шуна тӀе охьаӀанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгӀазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
9. Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, таӀзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.
10. ТӀекхаьчна и де! ТӀекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагӀ тӀекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна.
11. ГӀелоно харцо кхиайо. Царах цхьа а вуьсур вац. Цхьа а хӀума дуьсур дац оцу тобанах а, церан бахамах а, церан сийлаллех а.
12. ТӀекхаьчна зама, тӀедеана къематде. ХӀума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хӀума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду.
13. ХӀума йоьхкинарг ша доьхкинчу лаьтта тӀе юхавоьрзур вац, иза а, хӀума эцнарг а дийна волчу хенахь, хӀунда аьлча хӀокху суьртехь хӀоьттинарг массарна а ду, ткъа иза юха ца доьрзуш ду. Шайн къинош бахьана долуш царах цхьаьнгге а шайн дахар кӀелхьара а даккхалур дац.
14. Цара коьман маӀа локхур ю, уьш тӀамана а кечлур бу, амма царах цхьа а тӀамтӀе а гӀур вац, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду».
15. «Карахь тарраш долу мостагӀий гӀалина арахь бу, ткъа Ӏожаллин ун а, мацалла а гӀалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гӀалина чоьхьа берш мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакбийр бу.
16. Ткъа биснарш, лаьмнашка дӀа а бахана, цигахь хир бу, тогӀешкара къаьхкина кхокхий санна. Шаьш летийна къинош бахьана долуш, цара узарш дийр ду.
17. Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю.
18. Цара шайна тӀе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хӀораннан а юьхь тӀехь юьхьӀаьржачу хӀоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду.
19. Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хӀума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кӀезиг гӀо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хӀуманашка церан мацалла а дӀаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна.
20. Шайн дашочу а, даточу а хӀуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хӀуманех шайн дегаза а, ирча а цӀуш бора, цундела Аса оцу хӀуманех царна дегаза хеташ долу хӀума дийр ду.
21. Ас и хӀуманаш хӀонс санна хийрачу нехан кара дӀалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду.
22. Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цӀа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.
23. Дейша буржалш, хӀунда аьлча цӀий Ӏанош болчарах буьзна бу хӀара мохк, гӀело ечарах юьзна ю хӀара гӀала.
24. Аса кхечу къаьмнех уггар къиза халкъаш схьадалор ду кхуза, цара Исраил-махкара цӀенош дӀалоцур ду. Ас йохор ю ницкъболчеран куралла, иштта церан еза меттигаш а сийсазйохур ю оцу халкъаша.
25. Къемат хӀуттур ду Сан халкъана тӀе. Цара машар лохур бу, амма иза царна карор бац.
26. Цхьа сингаттам дӀабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хӀуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Ӏамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац.
27. Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тӀе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дӀалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла».
1. Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа йолхалгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со сайн цӀа чохь хиъна Ӏаш а волуш, суна хьалха хевшина Ӏаш яхӀудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тӀе.
2. Суна адаман дегӀан суьртехь цӀерах йогуш йолу цхьа хӀума гира. Цуьнан гӀодаюкъара дуьйна охьайолу меттиг йогуш йолу цӀе санна яра, ткъа цуьнан гӀодаюкъара дуьйна хьаладолу цуьнан сибат лепаш долу цӀаста санна дара.
3. Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТӀаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гӀала, Делан цӀенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дӀавигира, эмгаралла хуьлуьйту цӀу лаьтташ волчу.
4. Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу.
5. Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Къилбаседехьа дӀахьажа». Со къилбаседехьа дӀахьаьжира. Цу меттехь долчу кевнан къилбаседехьарчу агӀор сагӀа доккхучу кхерчана уллохь лаьтташ эмгаралла хуьлуьйту цӀу вара.
6. ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гӀуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чӀогӀа дегазниг а гур ду».
7. Цул тӀаьхьа Цо со цу кертан чувогӀийла йолчу схьавалийра, ткъа суна пенах даьккхина Ӏуьрг гира.
8. ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Пен ахка». Со и пен ахка волавелира. Суна цхьа неӀ гира.
9. Цо соьга элира: «Чоьхьа а валий, адамаша кхузахь деш долчу вочу а, дегазчу а хӀуманашка хьажа».
10. Чу а ваьлла, гонах дӀасахьаьжча, суна гира массанхьа а пенаш тӀехь дехкина текхаргийн а, дегазчу дийнатийн а, исраилхоша Ӏамал еш мел болчу цӀуйн а суьрташ.
11. Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кӀант Яъзан-ЯхӀу а вара. ХӀораннан а карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегӀазах йогӀу хаза хьожа яра.
12. ТӀаккха Цо элира: «Адаман кӀант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цӀушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хӀораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана“».
13. Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Хьуна гур ду цу наха кхин а дегаза хӀуманаш лелош».
14. Цо со Везачу Элан цӀийнан къилбаседехьа долчу кевнан неӀаре валийра. Цигахь суна харцдалла Тамузана тийжаш Ӏаш болу зударий гира.
15. Цо соьга элира: «ХӀара хӀума гой хьуна, адаман кӀант? Вало Соьца, кхин а ирча гӀуллакхаш а гур ду хьуна».
16. ТӀаккха Цо со Везачу Элан цӀийнан чоьхьарчу керта вигира. Цигахь суна охьатеӀаш лаьтташ волу ткъе пхиъ боьрша стаг гира. Уьш цӀийнан лабанний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь лаьтташ бара, Везачу Элан цӀенна букъ а берзийна. Церан яххьаш малхбалехьа дӀайирзина яра, ткъа уьш шаьш малхана корта бетташ бара.
17. Цо соьга элира: «Адаман кӀант, гуш дуй хьуна хӀара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хӀуманаш ЯхӀудан халкъана кӀезиг хета те? Цул сов, цара хӀара мохк гӀелонех бузу, хаддаза Со оьгӀаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тӀе гаьннаш уьйу!
18. Цундела Аса дӀагойтур ю царна Сайн оьгӀазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугӀур дац цаьрга».
1. Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо, сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.
2. ГӀо Везачу Элера хир ду суна, стигал а, латта а кхоьллина волчу.
3. Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо, сема а хир ву хьо ларвеш Верг.
4. Сема а ву, вижина а вац Исраилан халкъ лардеш Верг.
5. Веза Эла хьо ларвеш Верг ву. Веза Эла хьан аьтту куьг долчу агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.
6. Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац.
7. Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо, хьан са лардийр ду Везачу Эло.
15. Ӏесачу куьйгалхочо мискачу нахана тӀехь куьйгалла дечу хенахь, иза гӀигӀ деш долу лом а, дера ча а санна хуьлу.
1. Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.
2. Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ. Амма иза хезначара цу тӀе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо.
3. Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хӀунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгӀазаллица Ас чӀагӀо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь.
4. Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхӀалгӀачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира».
5. Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш».
6. Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догӀарна.
7. Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш».
8. Нагахь санна ЮшаӀа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хӀумма а аьлла хир дацара.
9. Делан халкъана ворхӀалгӀачу дийнан синтем хӀетте а буьсу.
10. ХӀунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гӀуллакхех паргӀатваьлла, Дела Шен гӀуллакхех паргӀат ма-валлара.
11. Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догӀарна Делах ца къастийта.
12. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агӀор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьӀахкех тӀум а дӀа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
13. Чохь са долу хӀума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бӀаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
14. Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КӀант Ӏийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай.
15. ХӀунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тӀехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а.
16. Ӏийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гӀантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гӀо дайтархьама.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012