1. Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха,
2. ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду».
3. ТӀаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидӀа а элира цуьнга:
4. «ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву.
5. Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву.
6. Аса хьан дукха тӀаьхьенаш хуьлуьйтур ю — хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш.
7. Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву.
8. Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».
9. Дала элира ИбрахӀиме: «Ткъа хӀара вайшиммо барт барехь ахьа тӀелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза.
10. Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тӀаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза.
11. Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе — иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю.
12. КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза.
13. Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу.
14. Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».
15. Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат.
16. Иза декъал а йина, цунна кӀант лур ву Аса. Цу кӀентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».
17. ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?»
18. ТӀаккха ИбрахӀима элира Деле: «ИсмаьӀал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».
19. Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.
20. Суна хезира ахьа ИсмаьӀалан цӀе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тӀаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ.
21. Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».
22. ИбрахӀимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дӀавахара.
23. ИсмаьӀал а, шен хӀусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кӀентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахӀима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо.
24. ИбрахӀиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь.
25. Цуьнан кӀентан ИсмаьӀалан кхойтта шо дара цу хенахь.
26. ИбрахӀим а, цуьнан кӀант а цхьана дийнахь сунтвира.
27. Цу дийнахь сунтбира ИбрахӀиман хӀусамехь болу массо а божарий: цуьнан цӀа чохь бина леш а, цо эцна леш а.
1. Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза.