Библия Один Год

1. «Нагахь санна майрачо дӀаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хӀума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хӀинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? — боху Везачу Эло. —
2. Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Ӏийна хьо, Ӏаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тӀелата дагахь ма-Ӏарра. ХӀара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а.
3. Ахьа къинош летор бахьана долуш догӀанаш а севцинера, бӀаьста догӀу догӀа а цхьаьна. Амма тӀаккха а хьуна эхь ца хетара — хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ.
4. ХӀинца бохург хир ма дац ахьа Соьга: „Сан Да, Хьо сан жималлехь дуьйна сан накъост хилла ву!
5. Массо а хенахь хир ву те Хьо суна реза воцуш? И оьгӀазло Хьайна чохь латтор ю те Ахьа?“ Иштта боху ахьа, амма хьайга далуш долччул зуламаш деш ма ду хьо, Исраилан халкъ!»
6. Юши-ЯхӀу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхӀу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хӀора лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу дитта кӀелахь а.
7. Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тӀаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхӀудан халкъана гира.
8. Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дӀахердина. Амма Суна гира, и массо а хӀума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ а, дӀа а дахана, кхахьпа санна лелара.
9. Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушца лелаш.
10. Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ цӀеначу дагца Суна тӀе ца дирзира, цо Суна моттаргӀанаш лелайора, ша тӀедирзина моттуьйтуш», — боху Везачу Эло.
11. Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхӀудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо.
12. ДӀа а гӀой, къилбаседехьа хӀара Сан дешнаш дӀакхайкхаде, Ярми-ЯхӀу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхӀудан халкъ! — боху Везачу Эло. — Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, — боху Везачу Эло. — Со массо а хенахь шуна оьгӀазвахана а хир вац.
13. Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хӀунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хӀора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цӀушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугӀура“». Иштта боху Везачу Эло.
14. «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! — боху Везачу Эло, — Со шун олахо ма ву. Аса, хӀора гӀалара цхьацца стаг а, иштта хӀора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тӀе дуьгур ду.
15. Аса шуна Сайна тешаме болу Ӏуй лур бу, цара шу хьекъалца, кхетамца дуьгур ду.
16. Шун махкахь шу дебна а, даьржина а хиндолчу хенахь, — боху Везачу Эло — наха Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ хьахор дац, хӀунда аьлча Веза Эла Ша хир ву царна юкъахь. Иза цхьанна а дага а догӀур дац, цунах лаьцна цхьаммо а ойла йийр яц, цхьанна а иза оьшур а дац, ткъа иза цкъа а духадийр дац.
17. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Ӏарш аьлла, цӀе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Ӏибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург.
18. Цу деношкахь ЯхӀудан тӀаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тӀаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тӀе схьабогӀур бу».
19. Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кӀенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна — кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дӀадоьрзур дац.
20. Амма майрачунна тешаме йоцу зуда санна, хьо Суна тешаме яцара, Исраилан тӀаьхье». Иштта боху Везачу Эло.
21. Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цӀушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш.
22. Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дӀадирзинарш! Сайх дӀакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дӀадогӀу, Хьо тхан Веза Дела волу дела.
23. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагӀа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цӀушна корта а бетташ, йина гӀовгӀа. Исраилан халкъан кӀелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац.
24. Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаӀала дӀакхоллура тхан дайша мел гулдинарг — церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кӀентий а, зудабераш а.
25. Тхайн эхь тӀехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тӀехь хуьлийла, хӀунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугӀуш“».
1. Иштта боху Везачу Эло: «ТӀедерза хьайна лаахь, Суна тӀедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цӀу Суна хьалхара дӀаваккхал, кхидӀа ца тилаяйттал,
2. нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцӀеналлица а дийна волчу Везачу Элах чӀагӀонаш ел. ТӀаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду».
3. Везачу Эло ЯхӀудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хӀу а ма де.
4. Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».
5. ЯхӀуд-махкахь массарна а дӀахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дӀакхайкхаде: «Коьман маӀа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дӀаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀагӀур ду вай“.
6. Байракхца хаам бе, Цийоне дӀагӀо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дӀадовда, хӀунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хӀаллакьхилар а, боккха бохам а.
7. Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хӀаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хӀусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гӀаланаш хӀаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац.
8. Шайна тӀе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хӀунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхӀудан халкъана тӀера дӀа ца йирзина».
9. «И бохам тӀекхаьчначу дийнахь, — боху Везачу Эло, — паччахьан а, тхьамданийн а дегнаш тохалур ду, динан дай инзарбевр бу, ткъа пайхамарш Ӏадийна хир бу».
10. ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хӀоттийнашехь?»
11. Эццахь ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе хӀара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тӀе. Иза ялта цӀандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац.
12. Ялта цӀандаллал тӀех чӀогӀа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХӀинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!»
13. Ӏаьржа марха санна, тӀегӀерташ ву мостагӀа. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яӀ! Ма хӀаллакьхир ду вай!»
14. «Ярушалаймхой, шайн даг тӀера вониг дӀацӀанде, Соьга шаьш кӀелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш?
15. ЛадогӀа, хӀун боху Дан-гӀаларчу хаамчо. Вон кхаъ бу Эпрайман гунаш долчуьра веанчу стага беънарг.
16. Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дӀахаийта: генарчу махкара эскархой тӀегӀерташ бу, ЯхӀудан гӀаланашна тӀе тӀеман маьхьарий хьоькхур ду.
17. МостагӀаша Ярушалаймана го бийр бу, гӀаролхоша кха ма-ларддара, хӀунда аьлча Цуьнан халкъ Суна дуьхьал гӀаьттина», — боху Везачу Эло.
18. «И бохам шуна тӀебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хӀара къаьхьа бала. И бала чӀогӀа шун дагах а кхетар бу».
19. «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Ӏало со, хӀунда аьлча суна коьман маӀа хезна, тӀеман маьхьарий суна ма хезна.
20. Цхьа бохам вукху бохамна тӀаьхьа богӀу. Массо а мохк дамардарц хилла Ӏуьллуш бу. ЦӀеххьана сан четарш хӀаллакдина, цуьнан шаршуш бӀаьрганегӀар тохале йоьхна.
21. Дукха гур юй те суна тӀеман байракхаш, дукха хезар дуй те коьман маӀан аьзнаш?»
22. Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа».
23. Со лаьтте дӀахьаьжира: иза даьсса а, кегарин а дара. Со стигала хьалахьаьжира: ткъа цуьнан нур дацара.
24. Лаьмнашка дӀахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара.
25. Со гонах дӀасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дӀадаханера.
26. Со дӀахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира, ткъа цуьнан массо а гӀаланаш йохийна лаьттара, Везачу Элан дераллин оьгӀазло бахьана долуш.
27. Везачу Эло элира: «Мохк хӀаллакьхир бу, амма массо а хӀума хӀаллакдийр дац Аса.
28. Цундела латта гӀайгӀа еш хир ду, стигал бодане хилла дӀахӀуттур ю, хӀунда аьлча иза Аса аьлла а ду, Аса чӀагӀдина а ду. Цу хӀуманна Со дохко а ца ваьлла, Айса аьллачунна тӀера а вер вац».
29. Шайна дошлойн а, секхаӀад кхоссархойн а гӀовгӀа хезча, массо а гӀаланашкара нах дӀабовдур бу: цхьаберш хьехаш чохь дӀаловчкъур бу, вуьш терхеш тӀе хьалабевр бу. Массо а гӀаланаш яссалур ю, шайна чохь дийна адам а доцуш.
30. Яссийна хинйолу гӀала, хьо хӀун деш ю? ЦӀен духарш хӀунда духу? Дашо туьтеш хьайна тӀе хӀунда ухку? БӀаьргашна басарш хӀунда хьоькху? Хьо хазъяр эрна ду хьуна! Хьан безаргаша хьо йитина, хӀинца хьо ен гӀерташ бу уьш!
31. Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоӀан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яӀ! Сан са малделла дӀадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!».
15. Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш.
16. Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.
2. Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву!
1. Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.
2. Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!
3. Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.
4. Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта.
5. ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.
6. Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.
7. Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.
8. Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гӀайгӀа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хӀинццалц а дара сан гӀайгӀа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта.
9. Сайна цхьа хӀума оьшу дела, ца боху аса иза. ХӀунда аьлча сайна хӀуъа а тӀедеача а, со Ӏемина ву сайн долчух тоам а беш Ӏен.
10. Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна — со вуьзна я меца велахь а, со шортта хӀума долуш я хӀума оьшуш велахь а.
11. Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.
12. Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна.
13. Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра.
14. Аша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера.
15. Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас.
16. ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.
17. Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду.
18. Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.
19. Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.
20. Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цӀерачара.
21. Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012