Библия Один Год

1. Цул тӀаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гӀалина таӀзар дан кечделларш, шайн карахь хӀаллакдаран герз долуш а хила».
2. Къилбаседехьа дӀадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агӀонера схьавогӀуш ялх стаг гира суна. Церан хӀораннан а карахь хӀаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тӀеюьйхина дуткъачу кӀадих йина йолу бедарш а йолуш, гӀодаюкъарчу доьхкарх дӀабихкина яздархочун гӀирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагӀа доккхучу цӀестан кхерчана улло дӀахӀиттира уьш.
3. Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тӀера хьала а даьлла, Делан цӀийнан неӀсагӀина улло деара. ТӀаккха Везачу Эло дуткъачу кӀадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гӀирс гӀодаюкъах дӀабихкина волу стаг Шена тӀекхайкхира.
4. Цо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».
5. Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тӀаьхьа а хӀиттий, гӀалахула дӀагӀо, массо а хӀаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш:
6. я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоӀ а, я нана а, я бер а. Хьаж тӀехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дӀа ма хьакхало. Иза хӀокху Сан цӀенна тӀера дӀадоладе». ТӀаккха цара и хӀума Делан цӀенна хьалха Ӏаш болчу къаношна тӀера дӀадолийра.
7. Цаьрга Дала элира: «Сийсаздаккха Делан цӀа, цуьнан керт декъех хьалаюза. ХӀинца дӀагӀо!» Уьш, ара а бевлла, гӀалахь адамаш хӀаллакдан буьйлабелира.
8. Уьш нах хӀаллакбан дӀабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьӀна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тӀе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тӀаьхьабиснарш хӀаллакбан воллу те Хьо?»
9. Цо суна жоп делира: «Дукха къинош летийна Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а наха. Цара берриг а мохк нах хӀаллакбарх хьалабуьзнера, ткъа гӀалахь харцонаш яржийнера. Адамаша шаьш-шайга бохура: „Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана, тхо Везачу Элана гуш дац“.
10. Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса».
11. Цул тӀаьхьа дуткъачу кӀадинан бедарш а юьйхина, гӀодаюкъах дӀабихкина яздархочун гӀирс болчу стага, юха а веана, элира: «Ахьа соьга мел аьлларг ас кхочушдина».
1. ТӀаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тӀехула йолчу нартолна тӀехь йолу хӀума гира. Иза саппир олу беза тӀулг санна лепара, иштта паччахьан гӀантан куьцехь а яра иза.
2. Дуткъачу кӀадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кӀегий схьа а эций, уьш гӀалина тӀе дӀасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дӀавахара.
3. Каруб-маликаш Делан цӀийнан къилберачу агӀор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дӀавахча. ТӀаккха цхьана мархо цӀийнан чухулара керт хьалаюьзира.
4. Цул тӀаьхьа каруб-маликашна тӀехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неӀсагӀехьа дӀайолаелира, тӀаккха Делан цӀа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира.
5. Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара.
6. Дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кӀегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тӀаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дӀахӀоьттира.
7. ТӀаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цӀарна тӀе куьг дӀа а кховдийна, цигара кӀегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дӀаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира.
8. Каруб-маликийн тӀемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара.
9. ДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра.
10. ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.
11. И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш.
12. Церан дерриг а дегӀ — букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а — бӀаьргех дуьззина дара.
13. Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш.
14. Цу хӀора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь — каруб-маликан юьхь яра, шолгӀаниг — адаман, кхозлагӀниг — лоьман, ткъа йоьалгӀаниг — аьрзунан юьхь яра.
15. Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара.
16. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа цара шайн тӀемаш хьалаайдича, лаьттара хӀаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура.
17. Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела.
18. ТӀаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цӀийнан неӀсагӀина уллора дӀа а даьлла, каруб-маликашна тӀехула сецира.
19. Ткъа уьш, шайн тӀемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дӀаоьхура. Уьш Везачу Элан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дӀахӀиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тӀехула яра.
20. Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар.
21. Церан хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара, ткъа цу тӀемаш кӀел адаман куьйгаш долуш санна а хетара.
22. Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дӀадолалучу хенахь хӀора дийнат муьлххачу а агӀор дӀадахалора.
1. Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча: «Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай».
2. Хьан кевнашкахула а бевлла, тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм
3. Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна, чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм.
4. Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю. Исраилан халкъана бакъо елла ю Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан.
5. Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду, Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду.
6. Деле бехийша Ярушалаймана машар: «Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш!
7. Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь, сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!»
8. Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!»
16. Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гӀело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву.
1. Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.
2. Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь.
3. Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.
4. Цхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна.
5. Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох».
6. Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».
7. Лаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара.
8. Ша Делан КӀант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Ӏемина Иза Далла муьтӀахь хила.
9. Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.
10. Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.
11. Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.
12. ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.
13. ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела.
14. Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.
Chechen Bible 2012
Институт перевода Библии, 2012